ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн халкъан иллиалархо Дагаев Валид кхелхина


75 шо долу нохчийн халкъан иллиалархо Дагаев Валид кхелхина еарийдийнахь. Жимчохь дуьйнна бIаьрса дайначу, гоьваьллачу иллиалархочо ша дечиг пондарца тIаьхьа мукъам балош дIаолура шен иллеш.

Масех маттахь дара цуьнан иллеш: нохчийн, казахийн, гIумкийн, гIиргIазойн. Дагаевн иллеш Даймахках, шен къоман сингаттамех, ненах, безамах, доттагIаллех дара. 1940-чу шарахь дуьненчу ваьлла Дагаев Валид. Доллу къам махках доккхучу заманчохь 4 шо долуш хиллачу Дагаевс лайна депортацин шераш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG