ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Марсадаьлла Шемара тIеман хьал


Шемарчу президентан Асад Башаран эскаршний, гIаттамхошний юкъахь Алеппо а, Хама а кIошташкахь тIеман летарш жигардевлла. Болчу хаамашца, кеманан тохарша иттанашкахь нах байина, бу царлахь лоьраш а. ДАIИШ тобанхоша тIекхочийла шайн тергонехь латтош, Iедалан эскарийн гонерчу Алеппо гIалин гергахь тIемаш бина кхаарийн буса.

Оьрсийчоьнан тIеман кеманашна а, гIажаройн гIаттамхошна а тIе а тевжаш, дуьхьало латтайо Асадан ницкъаша. Рейтерс агенталлин хаамашца, тIеман оппозицино даредо, шайн тIелатар кхиаме цахиларх.

Iамеркана хетарехь, оршотдийнахь гуманитаран ковранна Оьрсийчоьнан кеманаша авиатохарш динчул тIаьхьа марсадаьккхинчу тIелатаро дуьхьало йо маслаIатна некъаш леха. Кремло тIе ца дуьту бехк шен хилар

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG