ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байден: "ХIун хийцам бо Оьрсийчоьнна тоьхначу санкцеша?"


Украинин куьйгалло сихонца шайн махкахь реформаш ца йолаяхь, Европера цхьа могIа пачхьалкхаш Оьрсийчоьнна дуьхьалара санкцеш юхаяха кийча ю, аьлла дIахьедар дина Iамеркан вице-президента Байден Джозефа. Амма Киев, хетарехь, кийча яц ша шена тIелаьцна болу хийцамаш дIабахьа.

Евробертан пачхьалкхашна юккъехь Оьрсичоьнна дуьхьал яьхначу санкцийн хьокъехь цхьа барт боцийла хьалхехь дуьйна а хууш дара.

Кремлаца гергарло лелочу цхьа йолчу Малхбалерчу Европин пачхьалкхийн куьйгалхой юхьенца дуьйна а бацара Оьрсийчоьно ГIирманна анекси ярна цунна бекхам бархьама юккъейохучу санкцешна реза.

Ткъа цу санкцеш Малхбузенна хетачу агIор Украинехь машар барна а, ГIирма ах гIайре юхаерзорна а тIеIаткъам ца баро уьш кхин а чIогIа догмовла бевлла хилар а хууш дара. ХIинца иза официале тIечIагIдина Цхьаьнатоьхначу Штатийн вице-президент волчу Байден Джозефа.

Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн Инарла Ассамблеян 71-чу сессехь ша къамел деш Байдена элира, Оьрсийчоьнна дуьхьал йолу шен санкцеш юхаяха там бу Евроберто, аьлла.

Цо Украинин урхалле кхайкхам бира, масех шо хьалха цо ша махкахь дIахьур ю аьлла шена тIеэцна йолу реформаш кхочушйаре, хIунда аьлча де дийне мел долу а хала ду Евробертан пачхьалкхеш Украинин позицина кхин дIа а белшашгIортон езаш хиларх тешо.

„Тхуна хууш ду, нагахь санна Украино Евробертана жимма а бахьана даккхахь, хIинца кху мIаьргонехь а, мел кIезга а, пхиъ пачхьалкхе ю Евроберт, „тхо санкцешна юккъера арадовла лууш ду“ аьлла дIахьедар дан кийча“, - иштта дахкадо Ройтерс агенталло Iамеркан вице-президентан дешнаш.

Цо дийцира, Украинин Малхбалехь кризис йолаелча дуьйна схьа ша цхьаммо кIиранахь масех сахьт дойъу Киеве реформийн ца йича ца ялар дуьйцуш, ткъа цуьнца цхьаьна Европерчу уггаре а нуьцкъалчу пачхьалкхех йолчу Германигий, Францигий, Италигий кхин дIа а Оьрсийчоьнна дуьхьал йолу санкцеш йитахьара бохуш дехарш деш.

„Европехь тIаьхь-тIаьхьа алсамбовлуш бу, „хьовсийша, цигахь президент хийцаваллалца и Украина иштта а Оьрсийчоьнан карахь яр-кх, цигахь церан марионетка а яра урхалла дан хIоттийна. ХIун хийцалуш ду и санкцеш бахьана долуш?

Тхо хIунда ийзадо аш цу конфликтана юккъе?“ боху синхьаамаш“, - боъуш дийцира Байдена шен эмоционалечу къамелехь.

Критике йира Байдена иштта, Украинел совнаха, Европера пачхьалкхеш а. Британи Евробертана юккъера ялар бахьана долуш а, мигранташ схьаихар бахьана долуш а, „ша шех шек хиларна кризис“ ловш бу Евробарт, элира цо.

Цундела а мехала ду, цунна хетарехь, Украинас Европа ша Минскера барт кхочуш беш ца хиларна бехке яц бохучух кхетор. „Шу кхета деза, хIора а гIийла верг бехке ван кийча хуьлий. Цундела хаза хьала а нисделла, нийсачу агIор некъ бан беза аш“, - элира цо.

Байденс шен дIахьедарш дечу кхаари дийнахь Оьрсийчоьнна дуьхьал Евроберто яьхна йолу санкцеш дIаяхар Кремлехь а дара дийцаре деш.

Германин вице-канцлер Габриэл Зигфрид, Меркел Ангелина оппозицеш болчу социалистийн партин куьйгалхо, тIебогIучу харжамашкахь, ала дашна, Меркелца канцлеран дарж къовса лууш волу, вахнера Москоха шеца бизнесан векалийн йоккха делегаци а эцна.

Вуно хьесталуш цо Путин Владимирца дIадаьхьна долу цхьаьнакхетар а, цо цигахь дина къамел а шогачу критике деш ду Германехь.

Масала, цо шен Оьрсийчоьнан президентаца хиллачу къамелехь элира, ша санкцеш, мел кIезга а, цхьана декъана мал яйтарна тIехь къахьоьгуш а ву, Европерчу партнерашца уьш мал ян езар дийцаре деш а ву, аьлла.

XS
SM
MD
LG