ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алиев ГIапур. Ойла яра, ойла яра...


Алиев ГIапур

***

Ойла яра, ойла яра -- ахьий, асий йина ойла,
Ахьа айххьа, аса айсса ца оьшшучохь йина гIайгIа.
Некъаш дара, некъаш дара сан даг тIера генна доьлхуш,
Геннахула гуо а тосий, со-суо сайца девне вохуш...

Ойла йина, ойла йина, йина ойла кIордайина,
Ца оьшшучохь айхьа йина гIайгIа суна сайнна йитна,
Сан даг тIера некъаш хедош, ахь кхеченхьа некъаш дехки,
Суна гонах гуо а туьйсуш, сан ойланаш акхаехи..

Суна езаш, хьуна везаш, вайшимма цхьа зама яьхьи,
КIордош, кIордош, ца кIордошшехь, хьуний, суний вовшийн кIорди.
Маржа-яI, хьо ирсе зама, сох ца кхеташ хьо чекхйели,
Геннахула гуо а туьйсуш, сан туьйранаш лела диси..

Суна хьох а, хьуна сох а даккхий, дезий хабарш хези,
Вайшимма мел дийцинчух а хьуний, суний дийцарш диси,
Цкъа мацца а вогIуш вайча, со вовззал бен хьо ца йиси,
Хьуна гонах гуо тийсинчу сан ойланех туьйра хили…

Ойла яра, ойла яра -- ахьий, асий йина ойла,
Ахьа айххьа, аса айсса ца оьшшучохь йина гIайгIа.
Некъаш дара, некъаш дара сан даг тIера генна доьлхуш,
Геннахула гуо а туьйсуш, со-суо сайца девне вохуш...

Алиев ГIапур (1949 шеран 2 январь2011 шеран 16 март, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика) — нохчийн поэт, бард, драматург, Нохч-ГӀалгӀайн АССР культуран Сийлахь гӀуллакххо, Оьрсийчоьнан яздархойн Кхеташонан декъашхо, Оьрсийчоьнан журналистийн Кхеташонан декъашхо, Оьрсийчоьнан театран гӀуллакхойн Кхеташонан декъашхо.

XS
SM
MD
LG