ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Интернет - ши мукъ болу герз


Дикачунна - диканиг ден гIирс а, вочунна - зуламан герз а хилла дIахIоьттина тахана дуьненчохь интернет. И коммуникацин гIирс ткъа шо хьалха бевзаш ца хиллехь а, тахана адамийн доллу дахар дIалаьцна цо.



Хала ду тахана интернетах пайда дукхахо болу, я зулам дукхахо долу, бохучу хаттарна жоп дала.

Адамна дика болх бан араваьллачуьнга а пайда эцало цунах, амма цхьанца хьагI-гамо йолуш, цабезаман ачо йолуш волчуьнга гуттар а дика пайда эцало цунах.

Вай дуьйцур дац Маяковскийн байташкахь санна, диканиг хIун ду, вониг хIун ду. И ца хууш бац тахана интернетан гIоьнца нахана вониг деш берш а.

Дукха хьолахь, шаьш муьлш бу нахана хууш а, я гуш а цaхиларо маршо ло дукхахболчарна шаьш юьхь дуьхьала цкъа лелондоцурш интернетан кирхьанаш тIехьа лелон.

Вай ца боху, тахана бакъ дош бахьнехь стаг схьа а лоций тIепаза войъучу, я вийна дIавоккхучу хIокху заманахь массо а шен бакъйолчу цIарах вист хIунда ца хуьлу. Вай буьйцурш интернетехь харцо лелошберш бу.

Амма наггахь шайн цIарца лелашберш а ца херло ишттачу хIуманах. Интернетехь стеган сурт а, аз а эрчадаккхало, дерг - дац моттийтало, доцург - ду моттийтало, адамах харц сурт хIоттало...

Ша нахана вониг ца дечунна гуттар а инзаре хета ша бийр боцу вон болх шена бича. Ас хIун дина те цунна, олий хета. Амма хьуьнан экха меца хиларехь бара Крыловн баснера Iахаран бехк...

Тахана дикачу агIор нислуш доцучу вайн хьолан ойла йича, цу хIуманан бехк адамаш шаьш дикачу агIор нисдала ца гIертарна бу аьлла а хета.

Вайн къоман могIарера нах, яздархой, Iеламнах, Iилманчаш, кхинберш ишттачу хIуманах ойла янза хир бац.

Вай зIене девллачу яздархочо Амагов Доккас иштта дуьйцу интернетехь лаьттачу хьолах лаьцна:

Амагов: "Хаттар нийса хIоттийна ду. Таханлерчу дийнахь хIоттон догIуш а дара и. Интернет - йоккхачу политикан герз ду. Амма дика а, вон а долуш ду. Цо еш йолу чевнаш, цо даржош долу питанаш, зуламаш дõлуш долчу герзал а зуламе хета. Интернет хааран гIирс бу. Ткъа лела ца хуучу наха цу чохь вовшех Iиттарш йо, ваьснаш йо, халахетарш до..."

Дала бусулбашна диссийначу бакъ-йозанашкахь интернет хьехош яцахь а, емалдеш ду хьуо санна волчу, хьайна дина вуо доцучу стагана ямартлонаш лелор... Ойла хIунда ца йо те и лелочара?

Цу хаттарна а жоп дац тахана.

Ткъа кхечу хаттарах - тахана вайн къомо мел пайдаоьцу интернетах, бохучух кхиндIа а дуьйцу яздархочо

Амагов : "Вайн къомах аьлча, вай цунах пайда болучу агIор болх ца бо. Пайда болучу агIор вайна болх бан хууш хилча, беркат а дара иза. Тахана интернетехь дукха тобанаш ю, уьш дийнахь а, буса а цу чохь луьйш ю.

Цара деш долу къамелаш оьрсийн маттахь до, кхечу къаьмнашна хаийта санна; вовшийн ваьснаш йо, девнаш до, вовшийн сий ца до, воккханиг - воккха вац, жиманиг - жима вац... Вайна лела ца хаахь, вайна эрчо яхьаш зуламе герз ду иза.

Нагахь вай кхеташ хилахь, вайна пайдехьа хир дара дуьне мел ду даьржинчу вайн къомана юккъехь уьйр-безам а, зIе а латтон..."

Тахана ду, кхана ду цахуучу кху дуьненахь вайн къоман йижарша, вежарша шаьш йоккху гIулч диканца, вовшешка ларамца, ишта а чевнаш хиллачу дегнаш тIе туьха а ца туьйсуш яккхахь - цхьана дикане кхача а тарлора вай.

XS
SM
MD
LG