ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полигамин ун даьржина Европехь а


Нохчийн амалш хийцалуш йогIуш ю зама дIа мел йоьду. Нагахь санна 20-30 шо хьалха ши зуда йолу стаг наггахь бен нохчашлахь нислуш ца хиллехь а, хIинца бусалба дино бакъо ялар бакъ а деш, масех доьзал болочийн терахь хаъал лакхадаьлла, къаьстина Европехь

Зуда ялор, яхийтар, иза йитар, доьзалш бохар цхьана заманчохь уггаре а бехкечех, экамчех а Iадаташ хилла лаьттина нохчашлахь.

Амма хенаца и экамалла дIа а яьлла, уггаре а эвхьаздаьллачу Iадатех хилла дIахIуттуш ду иза.

Къаьстина, аренца, Малхбузехь бехачу вайнахалахь даьржина шозлагIа, кхозлагIа а, еалгIа а зударий кхийлар.

Iедалан чотах, харцонца а, аьшпаш биттарца а лийцинчу петаршкахь и зударий охьа а ховшабеш, тишйелла бедар санна, кIордийча цхьаъ я важа дIайохуьйтуш, царна метта керланиш дола бохуш лелар кхин башха цхьа а цец ца волу хIума хилла дIахIоьттина.

Бусалба дин, аьлча а цунах шайна бала йиш йолу пайда цхьаболчу нахана бовза болабелча дуьйна схьа Делан дин ду ишттачу наха шайн маьттаза леламаш бакъбеш долу бахьана санна юхьара лаьцнарг.

„Суна Дала 4 зуда ялон магийна“ бохучо, цкъа а КъурIан каралаьцна ша вацахь а, я динан кхинболу бехкамаш ларбеш ша вацахь а, даладо КIурIанахь масех зуда ялор магош аят хилар.

Дан а ду КъурIанчохь ишттаниг аят. „Зударий“ цIе йолчу, я аьлча а „ан.Ниса“ суратан кхозлагIчу аятехь хьахийна ду иза.

„Нагахь санна шаьш боберашца харцо лелорах кхерахь, тIаккха кхечарех зударий бахкабе, шайна товш берш- шиъ, кхоъ, йиъ.

Ткъа нагахь санна шаьш цаьрца цхьатерра нийсо лелор ца хиларх шаьш кхерахь, тIаккха цхьаннах тоам бе я лайнах. Иза харцонах ларваларна гергох ду шуна“, - иштта бу цу аятан чулацам.

Доккхачу декъехь амма иза далочара аятан хьалхара дакъа бен ца дуьйцу, еъане кхаччалца зуда ялон бакъо луш долу, ткъа „цхьаннах тоам бар харцонах ларваларна гергох ду“ бохуш долу дакъа доцуш санна дуьту.

Ткъа дукхахболчу Iелимаша и шозлагIа дакъа, муьлхачу а яатан чакхе санна, дезох а, мехалох а лоруш ду. Иштта, масала, дуьненна а вевзаш волчу КъурIанан тафсир динчу Iелимо ас- Саади Iабдурахьмана ша цу аятах кхетош йинчу комментарехь яздо, „цхьана зудчух тоам бечу стеган дуккхаъ дукхох шансаш ю, Дала ца магийначух ларвала.

ХIунда аьлча, Дала магийна долу цхьаццадолу хIумнаш дан Делан лай хIоьттича, кхерам бу цу тIехула иза шена Дала декхар дина тIедихкина долу парзанаш кхочуш ца далуш виса, тIаккха и кхерам белахь цо и хIума, шена иза Дала магийна делахь а, ца деш дита деза“, -аьлла.

Амма Европерчу Iедало ахчанца а, петаршца а гIо деччера йиъ зуда ялон, я шозлагIниг, я кхозлагIниг ялон тохавеллачо, дукхахьолахь, ас Сааади вешна ца хуьлу. Шен бакъонах декхар тардан гIертачунна цу бакъонан харцо хила сахьт дац бохучийн хьехамаш а оьшуш ца хуьлу.

Царна орцах бевлла, цаьргахьа гIо доккхуш шортта зударий а хилча тешна а, нохчашлахь ватсапп боху хабарш дийцаран гIирс баьржича дуьйна схьа, зударшна даIаваташ а деш, царна зудчунна тIе зуда ялоран мел а, шен майрчунна шозлагIа а, еалгIа а зуда ялоран ял а дийца ца кIордош къахьоьгуш болу.

Кху деношкахь ватсаппан нохчийн сегментерчу тобанашкахь лелаш болчу хIокху зудчуьн хабарехь санна.

Ватсаппера зударшна хьехам: „Йиъ зуда стенна ца ялайо шен майрчунна, субхьаналлахI? Вай массара а вайн майрошна зударий бахкийча, валлахIи вай хаза Iийр дара. Со тахана сайн майрчунна зуда лохуш ю, яла а йийр ю цо шена схьаялае аьлларг“.

Ала догIу, зударшна даIаваташ деш болу зударий – иза хиллане а цхьа ша-башха керла а, шен хатI а, аматаш а, ур-атталла шен цхьа къаьстина лексикон а йолуш, феномен хилар.

Цу зударий-даIватхоша кIеда-мерза дуьйцу, хIора а шозлагIа дош субхьаналла а долуш, кест-кеста шайн хьехамашкахь Iарбойн дешнаш юккъе а кхуьйсуш, хетарехь, шайгахь кIоргера Iилма ду моттийтархьама.

Цара цкъа а ца олу, масала, Дела, АллахI бен, я Дела реза хуьйла а ца олу ладогIарна, баракаллахIу фикм олу. Ткъа божарийн гIорторийн дарж къовса арабевллачу хьехамчийн даIаватийн теманаш – уьш доккхачу декъахь доьзалера юкъаметтигаш, зуда боьршачу стагана муьтIахь хила езаш хилар, иза цунна шозлагIа я кхозлагIа зуда ялон реза хила езаш хилар хуьлу.

Ишттачех ю хIара рогIера зударийн иманчубахкорхо а.

Вастапера зударшна хьехам: „ТIейогIучунна а хала ду шуна и хIума, бухарчунна санна. Ма хIиттаве и стаг юхьIаьржа. Суна иза тIейогIучу хенахь ца хаьара и хIума иштта хала дуй, олу аш, тIаккха и тIеялийнарг лоллий дIайохийта.

Ткъа тIеяханчуьнга боху ас: хьажахь, и хьайн хIилланаш хьайгахь дитахь, и стаг хьо йолчохь а хилла, шен важа зуда йолчу дIавоьдучу хенахь цу зудчунна иза хьоьца хиллийла гойту меттигаш ма битахь цу стеган дегIа тIехь, АллахIах кхерахь, сан йиша!“

Цу юкъана цхьаннел совнаха зуда ялор дихкина ду массо а Европерчу пачхьалкхашкахь.

Цундела Iедалийн хьукматех шен шиъ я совнаха зуда хилар хьулдина латтадо полигамехь вехачу боьршачу стаго.

Амма Iедалах хьулдина а ца Iа цхьаццаберш- шайн цIерачех а, шаьш ялийна ларалучу зудчуьн гергарчех а, шен хьалхарчу доьзалех а шен керла ирс лачкъийна латтош берш а кIеззиг бац царна юккъехь.

XS
SM
MD
LG