ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президентан дарж доладерзош ву Алиев, боху азербайджанхоша


Азербайджанан президенто Алиев ИлхIама а, цуьнан доьзало а пачхьалкхан конституци хийцарехьа кхаьжнаш тесна къовсаме яьллачу шайн мехкан референдумехь кIирандийнахь, хаамбо Алиевн администрацино.

Оьшучу 25 процентал совьоьккхуш – 30 процент – нах баьхкина плебесците. Референдумо кхоже дехкина хеттарш иштта дара: лаьий шуна президент 7 шарна хоржийла, бакъо лой аш президентна хенал хьалха парламент дIасахеца, хеназа президентан харжамаш кхайкхо. Хийцамаша иштта магадо массех вице-президент хила а.

Оппозицехь лаьттачу партеша, боламаша протестан акцехь латтийра Азербайджанехь, Алиев ИлхIам мехкдаьтта алссам долу мохк долаберзо гIерта аьлла. Европерчу тергаман комиссеша хьалхо дIахьедира, конституцин хийцамаша совйохур ю Алиевна ен дуьхьалонаш, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG