ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара хьал сел къиза а, чолхе а хиларна Оьрсийчоь бехке лору Малхбузено


Оршот дийнахь леринчу пресс-конференцехь Шемарчу хьолан хьокъехь ша вистхуьлуш немцойн канцлеран Меркел Ангелин позици иштта йовзийтира цуьнан пресс-секретара Зайберт Штеффана: „Оьрсийчоь Шемарчу хьолана жоьпаллехь ю.

Оьрсийчоьно шена белшашгIортош яцахьара цигара и режим дукхахена дуьйна схьа гуьнахь хир яцара, оццулчу барамехь маьршачу нахана тIехь къизаллаш латтон“, аьлла. „Тхо ладоьгIуш ду, оьрсийн агIоно эххар а цу махкхахь тIом сацорехь прогресс гайтаре. Деккъа цхьана дешнех Алеппо гIалин бахархошна гIо хир дац“, - элира цо.

Зайфертс юьйцуш йолу Шемара Алеппо гIала тIаьхьарчу масех баттахь цу махкахь уггаре а къизачу тIеман тийсадаларийн аре хилла дIахIоьттина.

Цхьана агIор Оьрсийчоьнан а, цо гIодечу Асадан режиман а кеманаша а, артиллерино а еттачу бомбанашна юккъехь, вукху агIор гIалин цхьа дакъа дIалаьцначу ДжебхIат ан Нусра тобин а, кхечу джихадхойн тобанийн а, вукху агIор Маьршачу Шемарчу эскархойн а тIеман тийсадалршна юккъехь нисбелла болу маьрша нах Iазапехь цу гIалахь лаьтта дуккха а кIиранаш ду.

Цу гIалин йистошкахь Iуьллу масех кIошта Маьршачу Шемарчу эскаро шайн долаяьккхича дуьйна схьа бомбеш еттар долийначу Асадан режимо дела денна Оьрсийчоьно шена латтош йолу бомбанаш етташ иттанашкахь а, бIеннашкахь а маьрша нах бойъу, ткъа дуьненан юкъаралла цхьа а тайпана и хьал сацон аьтто ца карош, гIорасиз йисна.

ГIорасиз хилира дуьненан юкъаралла кIира хьалха Оьрсийчоьнан бомбанаша, Малхбузерчу а, Шемарчу а адамийн бакъонаш ларйархоша чIагIдарехь, оьрсийн эскархоша тоьхна йолчу, Алеппо яха новкъаяьлла хиллачу Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн гуманитаран ковр хIаллакйича, 20 стаг вен а вуьйш, 18 машен яга а еш.

Цул тIаьхьа Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Британино а, Германино а сихонца вовшахтоьхна хилла Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн кхерамазаллин кхеташонан гулам, Малхбузеной, Оьрсийчоьной вовшашна бехкаш тIетта теттар бен, кхин цхьа а жамI доцуш бисира.

Ткъа оршот дийнахь тIеман массо а агIонашка вистхиллачу Цхьанакхеттачу къаьмнийн юкъараллин инарла секретара Пан Ги Муна кхайкхам бира цаьрга, боккъал а вайн заманахьлера инзаре акха цIий Iенор Алеппохь а, йоллучу Шемахь а сацон некъаш карадайта вайга, аьлла.

Амма и некъаш дуьненан юкъаралле каралур ду бохучух теша хала ду кху сохьтехь аьлла хеташ ву политолог Асхабов Хьамзат.

Шемара хьал дукха чолхе а хиларна, цигара тIом кхин дIа а бахбалар дуккхаъчу агIонашна санехь а хиларна, ткъа коьртаниг маьршачу нехан баланаш хийрачу агIонашна башха лазаме ца хиларна, шаьшка шемахошка бен басталур болуш бац и цу махкарчу къийсамах хилла шад, бохуш дийцира цо Маршо радионе.

Асхабов: „ОвхIанехь а, Нохчийчохь а лелларг вай дагалаьцча, цецдовла хIуммаъ дац цу Шемарчу хьолахь. Оцу халкхо шена юккъехь шен ницкъашца цхьа къастам беш ца хилча, шен машар лахаран ламасташ сама а даьхна, кхечара, агIонгара цу юккъе гIертачара и хIума дерзор дац.

Кхечеран дог ца леза цигахь лаьттачух. Шайн цхьана политикан ловзаршкахь аргументаш а йой нахерчу баланах, иза хьехадо хийрачара, амма боккъал а къомах дог а лезаш, цуьнгара бала айбан ца гIурту. Иза шемахоша шаьш къастон дезаш ду“.

Цу юкъана, Алеппо гIалина Асадан режимо тIе бомбеш еттар кхин дIа а доьдуш ду. „Шемахь адамийн бакъонашна тIехь терго яран кхеташо“ цIе йолчу цигарчу хьолана мониторинг яран цхьаьнакхетаралло шен сайта тIехь зорбане яьккхинчу информацица, оршот буса Шемин урхаллин кеманаша бункерех чекхйолуш йолу кIоргенан бомбеш йиттина цу гIалин малхбаленерчу кIоштанашна.

25 стаг вийна, кхин а бIеннашна чевнаш йина, ткъа дийна урамех херцарш йина цу тIаьхьарчу тIелатаро бохуш чIагIдо адамийн бакъонашларйархоша.

XS
SM
MD
LG