ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан "Буко" чудожийна Малайзин кема


2014-чу шеран аьхка 288 маьрша некъахо вийра Украинин Малхбалехь цабевзачара тоьхначу ракетано Малайзхойн кема чудаийтар бахьана долуш. ХIетахь дуьйна цу бохаман бехкеверг къастош яра Дуьненаюкъара талламан тоба. Кхаарийн дийнахь цо шен белхан жамIаш довзийтина.

уьненаюкъарчу талламан тобано кхаари дийнахь лайф эфирехь доллучу дуьненна а гуш-хезаш, Ютюб сайтехула трансляци а еш, дIакхайкхиначу шен талламан коьрта жамIа иштта ду – Малайзерчу авиакампанин долахь хилла долу некъахой Боинг 777, 2014-чу шеран товбеца беттан 17-чохь Донбассан тIехулачу стиглара чудаийтина долу, Оьрсийчуьра Донбассе кхачийначу „Бук“ ракетийн комплексо хIаллакдина ду.

И ракета тоьхна йолу билгал а яьккхина талламхоша – иза цу муьрехь сепаратисташа доладеш хилла йолчу украинхойн Первомайское юртана уллера аре ю.

Цкъа хьалха леринчу пресс-конференцехь талламан тобан куьйгалхочо Паулиссен Уилберта нахала яьккхира масех пачхьалкхан Iедалхойх лаьттачу тобано кечйина катастрофах а, цуьнан бахьанех а, цунна куьгбехкечарах а йолу рапорт. Цул тIаьхьа, кхаари суьйранна, цу рапортан текст боллучу барамехь Нидерландийн прокуратурин сайта тIехь зорбане а яьккхира.

Шайн талламан жамIаш дийца шаьш дуьйладалле хьалха рапортан авторша билгладаьккхина, Дуьненаюкъарчу талламан тобанехь I00-на тIера 200-не кхаччалца тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара Iедалхой хилла хилар.

„ДIадаханчу шина шарчохь оха бинчух балхах уггаре а чолхенарг бара цу кеманах йисина эзарнаш кегийра а, яккхийра а дакъош чохь йолчу контейнерийн чулацам таллар. Царех 1448 фрагмент материалан тоьшаллаш санна оха тхайн балха юккъе яхийтира. 60 сов пачхьалкхашкара гIо дийхира оха бакъонца долчуьнна а, кхин долчунна а тхайна гIо доьхуш. Дукхахчара тхуна и гIо дан а дира.

20 сов тайп-тайпана тIеман гIирсаш теллира оха. Ах миллион сов сартийн а, видеон а материалаш теллира. 200 сов теше хеттамаш бира. Интернетехь 5 миллиард сов агIо карийна тхуна, цу бохамах дуьйцуш, уьш массо а таханналца толлуш ду тхо, тхайн балхана мехал хIуммаъ цигахь кардой лохуш.

Цул совнаха, оха 150 эзар дIаяздинчу телефонан къамелашка ладоьгIна. Царех 3500 къамел оха гоч а деш, кхоччуш анализ а еш тхайн балха юккъе дакхийтина. И дерриге а оха 6000 сов протоколехь дIа а яздина“, - иштта ду рапортан дешхьалхенехь талламхоша шаьш бинчу белхан барамах дийцар.

Рапортан чулацамах аьлча, Паулиссенс шен къамелехь дахкийра, аудиойозанашка ла а дугIийташ, кема чудоуьйтучу шина дийнахь сепаратисташ вовшашка деш дIаяздина телефонийн хабарш.

ХIинца а Ютуб сайта тIехь ладогIа йиш йолчу цу къамелашкахь Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташа дийцаре до, „Бук“ ракетийн система Оьрсийчуьра схьакхачор а, цу чуьра ракета тохарна кечам бар а, ткъа иштта цу ракетано шайна ден долу гIо а. Цул совнаха, Паулиссенс гайтира цу Оьрсийчуьра Украине дIахьочу „Букан“ сарташ, карти тIехь цуьнан некъ а гойтуш.

Талламан тобано 100 герга стаг билгалваьккхина, элира цо, и ракета тохарна кIезга я дукха декъахилла болчу, ткъа иза бохург ду, 300 герга маьрша, цхьанна хIуманна бехк-гуьнахь а боцу некъахойн байъарна бехке болчу. Амма бакъду, и нах цкъачунна бехкенарш санна лоруш бац, хIунда аьлча, талламхоша царех бехкенарший, тешаший вовшахкъасторан болх кхин дIа а бан безаш бу.

Политологна Чапханов Русланна хетарехь, бехкенарш къастор цу бохамна декъахилларш билгалбахарца чекхлдаьлла дац. Иттанаш шераш а довла тарло, бехкенарш къаста а бина, уьш жоьпалле озоле. Бакъду, цхьана хенахь Кхаддафи Муамаран наха Шотландина тIехула доьду кема чудаийтарца кху хIинцалерчу бохаман параллелаш хиларна, шайн жоьпаллина цкъа а мацца а куьгбехкенарш къера хила безар ду аьлла хета цунна.

Чапханов: „Суна цигахь тоххара Къаддафи Либехь куьйгалхо волчу хенахь, цуьнан къайлахчу сервисаша Шотландина тIехула чудаийтина хиллачу кеманца параллелаш го дуккхаъ. Цкъачунна билгал а Бук Кремлан омраца я цу чуьрчу лаамца цу бохамна декъа хилла бохург тоьшалла далур долуш хIума дац. Иттанаш шерашкахь юристаш талла а, къийса а дезар долуш хIума ду иза, бехкенарш жоьпе озорхьама“

Цу юкъанна Москохано тIе ца эцна, Дуьненаюкъарчу талламан тобано гIарйаьккхинчу рапортехь шена дуьхьал хьажийна бехк. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллин векало Захарова Марияс талламан тобан жамIаш политикан мотиваци йолуш ду, аьлла.

Оьрсийчоьнан коьртачу дипломатикаллин хьукматан сайта тIехь зорбане даьккхинчу цуьнан дIахьедарехь, Москох догмовлла яьлла ю цу рапортах. „Шаьш шайн лаамца цхьаъ бехкенарг а хаьржина, шайна лууш долу жамIаш шайна кхоллар вайн Малхбузерчу коллегийн Iадат а хилла дIахIоьттина. Маццалца лелон дагахь бу уьш и саннарг?“- иштта ду Захарован дешнаш.

XS
SM
MD
LG