ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вашинтгон - Москох: Шемина барт беза


Цкъачунна хууш дац Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран Лавров Сергейн а, Iамеркан Штатийн пачхьалкхан секретаран Керри Джонан а пIераскан сарахь телефонехула хилла къамел хIун барт бохьуш дирзина.

Шемарчу оппозицига болу хьажам цхьана тIегIане балош хила дезаш дара иза. Оьрсийчоьнан агенталлаша бахарехь, Лавровс дIахьедина хьалхо Вашингтоной, шаьшший Шемахь тIом сацорах бина барт лелаш бу аьлла.

Иштта, цо аьлла, Шемахь Оьрсийчоьно ца леладо дуьненахь лелон дихкина герз, иза шаьш леладо, маьрша нах бойу бохучу тоьшаллаш дало а деза, аьлла.

Хьалхо Керрис хаамбинера, Вашингтон Кремлца ша бина барт юхаоьцуче кхочуш ю, цо Алеппона кеманашца ден тIелетарш совцош дацарна, аьлла. Амма Кремло ша сацор бац авиацица Алеппорчу гIаттамхошца бен тIом, аьлла даржийра стомара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG