ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирмахойн мажлис дIакъевлина


Британин Украинерчу векало Гоф Джудита шен махко сагатдо Оьрсийчоьнан лакхарчу кхело ГIирмерчу гIезалойн мажлис ниазмехь яц аьлла бина сацам тIечIагбарна, аьлла дIахьедина.

«Аннекси йинчу мехкан бахархойн юкъаралла йохор адаман бакъонаш хьашар ду», яздина Гофа шен твиттерехь пIераскана. Оьрсийчоьнан лакхарчу кхело еарийдийнахь бина гIирмахойн мажлис дIакъовларх болу сацам.

Оцу боламан куьйгалхочо Чубаров Рефата элира журналисташка, Оьрсийчоьнан кхелан сацам шаьш Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле лур лур бу.

Украинан дипломатин хьукмато а бехкейина Оьрсийчоь и сацам бахьанехь, цо гIезалой Iазапе лоцу, аьлла.

Киево 1999-чу шарахь дуьйна хила мага а дина, болхбеш яра ГIирмехь гIезалойн мажлис

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG