ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элдиева Марет. Кхокха.


Кхокха

Элдиева Марет

2000-гIа шо…Нохчийчохь Iа… Iаьржа Iаржделла … нуьцкъаха латтош санна. Iа кIайн хила дезаш дара, иштта хила а хуьлура иза… хIокху шарахь дар-кха цхьа тамашийна Iаржделла, тIамо гIелдинчу адамийн дегнашка, цара лайначуьнга хьаьжжина делахь а, я дуьне атаделла дIа муха ца долу-те, аьлла хеташ, тIедеттачу герзашна делахь а.

Сингаттамна кортош охкийча санна, макхделла лаьттара лаьмнаш а, воьдуш-вогIуш гуш стаг а вацара. Юьртана тIебогIу цхьаъ бен боцу готта некъ а сингаттамна Iаржбелла, цхьалла совъяьлла, Iуьллура. ГIеххьа йоккхачу юьртахь гуш наггахь бен дохонза цIа а дацара, мацах цхьабосса хаза, вежарша дича санна, цIенош хиллачохь.

Адамаш а кIезиг дара. Уггар гIийланаш биснера; дIаваха таро йоцург а, таро ца хилча, эхь ду моьттург а, цIера ваьллачохь валарна кхоьрург а, иштта дIа кхиберш а. ХIора сарахь вовшашка кхойкхий, чубоьрзура биснарш я вовшашна тIебоьлхий, цхьаьна буьйса йоккхура.

Iуьйрана, юха а буса хилларг дуьйций, лазийнарг а, вийнарг а хьахавой, божарша, кеманаш лелаш дацахь, дIавуллура. Наггахь масийтта де-буьйса а долура велларг дIаволла йиш йоцуш. Мелла а герзаш кхеттехь а, латта дисинчех дара эвлайистера Кхокхин жима ков-керт. Кибарчиг юттуш дина-м дацара и, делахь а Кхокхин дагна хьоме дара. Уггаре а ирсе а, бохамен а заманаш кхузахь текхнера цо. ТIаьхьарчу ткъаесна шарахь йисина ехира, цхьайтта бер а кхобуш.

Массарел а жиманиг Адам вара. Да дIакхелхаш цуьнан цхьа шо бен дацара. Хенеяла гIерташ, томка леладой а, етт лелабой а, котам лелайой а, каеттара зудчо. Бераш хаза кхиира. Кхоь а йоI нехан цIентIе яхара. КIентий а дика кхиънера. Кхаамма зударий балийна, доьзалш болийнера. Яллол волу виъ хьалхарчу тIамехь вийра. ХIара тIом тIебогIуш, доьзалш болу кхоъ ГIалгIайчу вахара, тIамах ларлуш, шайн доьзалш а эцна.

Адам, Кхокхий цIахь Iийнера. Кхокха, ша цIераяьллачохь яларна кхоьруш, ткъа, Адам – ненах къаста ца лаарна. КIентан ткъа шо дара. Жима волуш дуьйна лергана чIогIа вара иза. Дарба лоьхуш, цхьаццанхьа дIасхьа а кхийлинера и, делахь а, кхин гIоли ца хуьлуш, висира.

Лергахь лелош аппарат яра цуьнан, мелла а хозуьйтуш. ХIинца-м и аппарат а ца оьшучу кхаьчнера, цу чуьра батарейкаш гIелъеллера, керланаш эца меттиг а яцара. Адам а цIенна дIа къарвеллера. Оццул чIогIа юьртана герзаш тIедетташ а ца хезара цунна.

Тахана Кхокхас дукха Iуьйрана гIаьттина, пеш латийнера. Сахиллалц герзаш детташ садукъдинера кеманаша. Уьш юха а дуьйладалале Адаме хIума кхаллийта гIерташ, хьийзара хIара, сих-сиха паднара тIехь вижина Iуьллучу Адаме а хьожуш. Юьртахь мохь бетташ санна хетта, кетIа яьлча, шега кхуьйкхуш лулахо гира кхунна. «Сахуьллуш десант кхоьссина, хьайн кIант а валош сехьаяллахь, ма-хуьллу сиха. Хуьлург цхьаьна а долуш хир вайна!». Кхокха, сихъелла, чухьаьдира.

Адам, набарх велакъежна, паргIат садоьIуш Iуьллура. Кхокхас, и къора хилар дагара а даьлла, «Адам!» – аьлла, мохь туьйхира. ТIаккха, сихха меттаеана Кхокха, кIантана тIехьаьдча, цхьамма, ког а тесна, йожийра. Ша хьалагIоттуш, кIоршаме беларш хезира. ДIасахьаьжча, чохь пхи-ялх салти гира, карахь автоматаш а йолуш. «ХIорш… мичара… сел сиха» аьлла, ойла хьаьдира коьрте.

Адамна тоха айина автоматан хен гина, дуьхьал хIоьттира: «Не нада… синок… уха балит… не нада… прошу…». Салти чIогIа маьттаза велавелира, тIаккха мохь хаькхира: «Выводи своего ублюдка на расстрел!». Вукхара а, махьарий детташ, цхьаъ дуьйцура, Кхокхина-м кхидIа ца хезара. Чов йина экха санна, дIасахьийзара чохь.

«Муха? Адамна ца хеза шуна… и къора ву шуна… байлахь лелла цхьа миска ву шуна… ас… хIинца гIаттор ву … нана яларг… растрэл ма велаш… цунна ца хеза вай дуьйцург», бохуш, тIекхетта, кIант самаваьккхина, цунах тасаелла, куьйгашца аравалавезар гойтуш, неIарехьа йолаелира… Хуьлучух дика кхеташ воцу Адам араваьккхира. УьйтIахь кхин а бара салтий.

Сихонца гонаха хьаьвзина , автоматан хен тухуш, Кхокха юьстах кхоьссина, кхуьнгара схьаваьккхина, Адам цIийнан пенаца хьалахIоттийра. «Руки! Руки вверх, ублюдок!» – маьхьарий хьоькхура.

Адам Iадда лаьттара. «Синок! Не нада…не слишно… он… гулхая…». – бахарх гIуллакх хир доций а хиъна, кIантана тIехьаьдира. Лере лулахочуьнан аз кхечира: «Кхокха! Ва-а Кхокха!» «Ва, Дела! Орцахавалахьа! Со тIекхача кхиийтахьа… цуьнан куьйгаш хьалаайа…»- дагахь доьхуш, са ма-дду тIееддера миска шен кIантана. Ца кхиира… салташа, автоматийн баххаш тоьхна, йожийра…

ЧIогIа лазорна гIатта ца лора Кхокха… иза текхира, текхна йоьдуш, гира Адам церан карахь ветталуш, цуьнан къаьрзина бIаьргаш… Цунна ницкъ ца байта дагахь, кхин а сиха текхира… кIант-м, куьйгаш а дихкина, дIахIоттийра. Адамна герзаш тIелаьцначу салтийн когех хьерча юьйлира Кхокха: «Не нада… мама ест?... не нада… короф дам… сережк залатой… не нада…». Кхокхин хIора дашах буьйлуш, роггIана цхьаццамма мийра тухуш, и дIатоттуш, шайн самукъадоккхуш бара салтий.

ХIокхаьрга массаьрга а хьоьжуш, лелориг гуш, дуьйцург ца хезаш лаьттачу Адаман юьхь тIехь гуш бара цунна хуьлу ницкъ. Цхьана мIаьргонна цо бIаьргаш дIахьабдира. «Что? Не нравится, ублюдок? Смотри!» – бохуш, етта йолийра кIантана. Шайна кIордийча, севцира. Адаманна гира, шена салташа етташехь, хьесталуш, церан когех хьерча Кхокха.

КIант кхайкхира: «Нана!». КIентан аз хезча, Кхокха схьахьаьжира. Адама кхидIа а дуьйцура: «Нана, хьо ма чIогIа йоьхна. Хьо хIунда хIоьттина гуора? ХьалагIатта. Ма лела, нана, осала. Уьш хьайх кхаьрдаш ца го хьуна? ХьалагIатта, нана. Суна хьайн юьхь-сибат гайта. Делан карахь ду вайша.» Кхокха меллаша, шен лазар а дицдина, букъ нисбеш, хьалагIаьттира… тIаккха кхин а меллаша, когадоьду бер санна, тIейолаелира, вехна стаг санна, леста а лесташ…

«Молчи, скотина!» – олуш, сих-сиха шена туху автоматан хен кхечунна кхеташ санна, кIентан къамел ца хедара: «Нана, хьо ма яра сан дегайовхо. Суна аша дуьйцург цахазарх, лелориг ма го… Йоха ма йохалахь, нана… ма йохалахь…».

«Адам… сан миска буо… сан жиманиг… хьомениг… сан серло… сан сатийсам… нанин уггар а цатерриг… нана ю хьуна бехке… вала ма лелахь… нанел хьалха… нанина хьалхахь… нана яла хьан… ва-а, хьайн нана яла хьан…». Хаддаза луьйш, юкъ-кара къежаш, йоьдура Кхокха кIантана тIе…

Адамна гора шен нана, елакъежаш, цхьаъ дуьйцуш, шена тIейогIуш…

«Со хьоьстуш ю-кх»- аьлла, дагатесира… И дуьхьал къежира… жима волуш, велха дог деача а хуьлура кIентан иштта гIийла къажар… Герз делира… Къежна лаьттачу Адаман некхау цIийх дуьзира… Кхокхас кхунна тIекховдийначу куьйгаш тIе а, цуьнан юьхь тIе а цIийш кхийтира.

Адам!- аьлла шийла мохь болуш, нана кIантана тIекхийтира… автоматийн баххашца юхакхоьссира… юха а тIекхийтира… юхакхоьссира… тIаккха Кхокха уьйтахь дIа-схьа едира… шада кара деара… Дуьхьалйирзира… шада а карахь чухьаьдда йогIу зуда а гина, цхьана салтичуьнан бага гIаьттира… цуьнан дегIах шада Iуттуш, Кхокхас мохь хьаькхира юха а «Адам!» аьлла… кхин цхьанна а шада Iоьттира Кхокхас… кIантана тIекхечира… «Схьаваста веза», аьлла, дагатесира… схьаваста кхиира…кIант пенаца охьавахара… Кхокхин коьртах хIума етта йолийра… цкъа хьалха дуьхьал куьйгаш лецира… тIаккха гIора дIадаьлла… Адамна… «шен жимачунна»… «шен серлонна» шен синна тIеюьйжира. ТIаьххьара кхетаман эгIаза серло дIайолуш, юха а хезира лулахочуьнан аз: «Кхокха! Ва-а Кхокха!»

XS
SM
MD
LG