ТIекхочийла долу линкаш

Маргвелашвили: Оьрсийчоьно Гуьржийчоьнан ши кIошт дIалацар ясакх ю гуьржаша шайн маршонах луш йолу


Гуьржийчоь -- Гуьржийчоьнан президент Маргвелашвили Георгий, Тбилиси. Марс. 8, 2016

Оьрсийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а юкъаметтигаш дIанислур яц "маьрша лаам" цахилахь аьлла хета гуьржийн президентана Маргвелашвили Георгийна. Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь цо "инзаре бохаме" ду элира Оьрсийчоьнан армино Гуьржийчоьнан ши кIошта дIалацар.

Маргвелашвилина хетарехь,, иза ясакх ю гуьржаша шайн маршонах а, мохк бозуш боцуш хиларх а луш йолу.

Маргвелашвили Геогийца интервью хилла Гуьржийчохь Парламентан харжамаш хила масех де дисинчу хенахь. Уьш хила безаш бу хIара кIира чекхдолуш.

XS
SM
MD
LG