ТIекхочийла долу линкаш

ГIойистера вахархо 96 шо долу Париев Алхаст дIадахначу шарахь велира, шена гонахь шортта шен бераш а, церан бераш а долуш. Доккха дIахIоьттинчу тезета баьхкинчу дукхачарна хууш дацара иза мел бала лайна стаг хилла. Гергарчарна а, лулахошна а хаьара, иза дийна воллушехь жоьжахатех чекхаваьлла вуйла.

Париев Алхаста хьаьнг-хьаьнгга а ца дуьйцура ша Геннарчу Къилбаседерчу набахтехь чувоьллина яьккхинчу хенах. I94I шарахь, тIом болабелча, ша экскаре вахнера иза.

ХIета цо къевлина цергаш цуьнан малъян йиш ца хилла I945 шарахь а, набахтехь яьккхинчу 8 шарахь а, цул тIаьхьа шен доьзалца Казахстанехь яьккхинчу хенахь а. Цуьнан тайпанах а, цIийнах а волчу яздархочуьн Бексултанов Мусан каяьлла иза дIа а язвина, цунах дийцар зорбане даккха.

Бухта «Крест» дийцар тIера бIаьрг а ца боккхуш дешало. Наггахь зуз догIу дегIе нахана тIехь советан Iедало латтийна къизалла хьехочохь.

Париев Алхаст шен тобанца немцой йийсаре лаца вахча, цигахь хиллачу тIеман тасадаларехь цуьнца хилла нах байъа а байъина дийна висча, хьийзавина хьо а хIунда ца велла, бохуш.

ТIом беш Берлине а, цигара Югослави а кхаьчнера иза. Шозза-кхузза советан пачхьалкхан турпалхо мидал яла хьакъ ву аьлла, Москоха кехаташ а хьажийна хилла цуьнан. Амма цхьа пайда боццучу бахьанца, ямартхо ву аьлла, 25 шо хан а тоьхна, цкъа а ло ца дешачу дуьненан маьIIе набахте хьажийнера. ГУЛАГан куьйга кIелахь йолчу оцу набахтехь тутмакхаш а, тIехьажархой а, адамалла а яйна, акхаройн амале бирзина хилла, мацалла нах а бууш, бепиган цуьрг бахьнехь къизаллица стаг а вуьйш.

Дуьйцу автора, яздархочо Бексултанов Мусас.

Бексултанов: «Цо схьа мел дийцинарг, ас ма-дарра яздина-кх, тIетоьхна цхьа а хIума а доцуш. Немцошна тIелата бахча, накъостий байъича, хьо хIунда ца вийна бохуш, ша хьизаваррий… Дукха чIогIа хьийзавина стаг ву иза. Цул тIаьхьа, чу а воьллина 8 шо а даьккхина цо. ТIам тIе шен лаамехь вахана хилла а ву хьуна иза. ЧIогIа тамашийна а, дика а стаг вара иза».

Париев Алхаста ша оцу къизачу набахте кхаьчча, цигахь бухахь карийначу нохчочо, хьуна кхузахь дийна виса лаахь, мало ян мегар дац, сема а хила веза, аьлла беллачу хьехамах пайда эцнера. Жоьлгаш а, нах байъинарш а, адамалла яйнарш а, сий дайнарш а - шаверриг озалуш хилла цунах, хIара буьрса а, нийсонна а тIехь волун дела.

Мацалло а, гIора ца хиларо а, хийллаза Iожалла тIекхачо лууш хьалха лилхина Алхаст. Амма кхолламан шен Iалашо хилла. ТIера Дела а дIавирзича санна Iазап лайна наха, ткъа Алхастана хилла Iаткъам кхин а беза бара, цуьнан нохчочуьн сица цу тайпа харцонна охьтаIар доцун дела.

Бухта «Крест» дийцар Бексултанов Мусан, тахана нохчийн тоьллачех яздархочуьн кхечу, цуо арахецначу йозанех тера болх бац. Цуьнан терго йина ешархоша иза зорбане ма еллинехь. Иза - деккъа документалан тоьшалла ду, Iедалан системо нохчашна тIехь латтийначу къизаллин, аьлла Маршо-радиога цунах шена хетарг элира нохчийн байтанчас Бисултанов Аптис.

Бисултанов: «Бухта «Крест» Бексултанов Мусас язйина хан дагайогIу суна. Тхо уллора накъостий ду, цундела и болх муха бира дика хууш ду суна. Бексултанов Мусан, хIинццалца хиллачух йозанан хатI тера дац.

Иза, цхьа документан кепехь дийцар ду. Иштта йолу хIуманаш, вайн къомана чIогIа оьшуш ю. ХIора стаг - истори ю. Иза дIайолу стаг валарца. Вайн тIаьххьарчу 200 -300 шарахь истори бартан хилла, йозанан ца хилла. Вайн истори хIораннан дагчохь ю. Суна, цундела и болх чIогIа мехала а хета, иза цо язйина дика а ду».

Париев Алхаст оцу набахтехь ша юккъехь висина хира вара, цунна, цIеххьана, ца моьттучу агIора гIо ца кхаьчнехьара. Немцойн къомах волчу, хIара санна декъаза дуьне дуучу лоьро иза, тIедолу цамгар кхетта ву аьлла, набахтхой Iеха а бина, кхечхьа ваккхийтина.

Адамийн дахар дуьненан а, Iаламан а бараме диллича, ладам боцу хIума хилар дIа а гойтуш, и дийцар зорбане даккхар цхьана хенахь чIогIа кхераме хIума дара яздархочунна. ХIинца а и санна дагалецамаш нохчаша дIа а язбеш гулбича, кхана-лама къомана чIогIа карора дара, аьлла кхин дIа а дийцира байтанчас Бисултанов Аптис.

Бисултанов: «Язйина дика ду, ма- дарра бакъдерг охьа а дуьллуш. Цхьа 20 шо хьалха иштта хIума язйинехь, автор диссидент хила везар вара. Кху заманахь, дIадаьллачух язъян яздархочунна маршо ю, хIинца долчух язъян бакъо яц. Цундела, массара а дIаязбан безара шайн дайн-нанойн дагалецамаш. ДIа а яздеш, уьш дIадахка дезара».

Сталин велча, Париев Алхастана бакъо еллера Казахстане дIабохийначу шена доьзална тIеваха. ЦIерпоштаца цига воьдуш, цу чохь сагIадоьхург го цунна. Дикка цуьнга хаьжча, цецволий когаш чуьра са дIадолу. Иза церан юьртара таро а ларам а болчу доьзалера Макшарип хилла. Цхьана хенахь кура а, сонта леллачу оцу жимчу стагах адаман IиндагI бен дисина ца хилла. Циггахь дуьне керча Париев Алхастан коьрта чохь:

–Дала хIаллаквойла хьо суна кху 7-8 шарахь дуьххьара гинчу нохчех хиларна, - олий, бIаьрхиш охьадолало цуьнан юьхь тIехула. Иза воьлху ша экама а хеташ, лардина сий долчу нохчочунна дуьне харцарна. ТIаккха кхета иза, хIара дуьне ша а цхьа Йоккха Кхел юйла.

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG