ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан рогIера инарла секретар хира ву Гутерриш


Iамерка -- Гутерриш Антонио, Нью-Йорк , Охан.12,2016
Iамерка -- Гутерриш Антонио, Нью-Йорк , Охан.12,2016

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан рогIера инарла секретар хира ву Португалин премьер-министр хилла Гутерриш Антониу. Reuters агенталло бинчу хаамца, Кхерамазаллин Кхеташонехь вето кхайкхо бакъо йолчу пхеа пачхьалкхах цхьа а пачхьалкх ца хилла Гутерришан кандидатурина дуьхьал.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан рогIера инарла секретар билгалвоккхуш формалан доцу 6-гIа кхажтасар хилира Кхаарин дийнахь. Официалан кепара рогIера инарла секретар хоржур ву тахана, Еарин дийнахь ГIадужу-беттан 6-чу дийнахь.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан рогIера инарла секретар хоржуш Iедал ду пхеъа шаранна, юха кхин цкъа и харжа аьтто а болуш.

Карарчу хенахь цун даржехь волчу Бан Ки Мунан шолгIа пхеъа шеран хан дIайоьрзуш ю 2016 шо чекхдолуш. Иза дуьххьара цу дарже хаьржинера 2007-чу шарахь.

Гутерриш Португалин премьер-министр хилла 1995-чу шарахь дуьйна 2002-чу шаре кхаччалц. 2005-чу шарахь дуьйна 2015-чу шаре кхаччалц иза вара Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан мухIажирашкахула волу комиссар.

XS
SM
MD
LG