ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саакашвилин партино митинг дIаяьхьна Тбилисехь


Гуьржийчоь -- «Цхааллин къоман болам» партин харжамашна хьажийна митинг, Тбилиси, 05ГIад2016
Гуьржийчоь -- «Цхааллин къоман болам» партин харжамашна хьажийна митинг, Тбилиси, 05ГIад2016

Тбилисехь "Розийн революци" майданахь «Цхааллин къоман болам» партин харжамашна хьажийна митинг хилла Кхаарин дийнахь. Цигахь дакъалоцуш вара 50 эзар сов стаг. Цунах лаьцна хаам бо Маршо Радион корреспонденто Кобаладзе Георгийс.

Одессера видео-зIенехула гулбеллачаьрга вистхилира цу партин куьйгалхо Саакашвили Михаил. Кху беттан 8-чу дийнахь Гуьржийчохь хир болчу парламентан харжамашкахь шайн партино толам боккхур хиларх теша ша элира цо.

Ша Iедале юхаверзахь Малхбузерчу тоьллачу уиниверситете деша вогIуьйтур ву ша элира Саакашвилис карарчу хенахь Iедалехь йолу «Гуьржийн сатийсам» коалици кхоьллина волу хьолада Иванишвили Бидзина.

Митинг дIайирзира цуьнан декъашхой буьйлабелла парламентан гIишлонна тIе а боьлхуш. И акци дIаяхьа бакъо еллера Iедалша, цундела полици юкъацагIоьртира демонстрацина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG