ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

10 шо кхаьчна Политковская Анна йийна


Политковская Анна дагалоцуш хиллачу акцин декъашхой бу Москох Соловецки олучу тIулга тIе цуьнан портрет дIатухуш.
Политковская Анна дагалоцуш хиллачу акцин декъашхой бу Москох Соловецки олучу тIулга тIе цуьнан портрет дIатухуш.

10 шо хьалха, 2006-чу шеран ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь Москохь йийра «Новая газетан» корреспондент, бакъонашларъярхо Политковская Анна. Иза ехачу хIусаманна хьалха цунна уллера мосуьйттоза тапча тоьхнера зуламхоша.

Политковская юьш ша дакъалаьцна хилар даре динарг ву цхьа стаг. Иза ву милцо болх беш хилла Павлюченков Дмитрий. 2012-чу шарахь Политковская йер вовшахтохарна цунна 11 шо хан туьйхира.

Кхин а пхи стаг: вежарий Рустам, Джабраьил, ИбраьхIим МахмудовгIар а, церан гергара стаг Гайтукаев Лом-Iела а, милцо хилла Хаджикурбанов Сергей а журналист ерна бехке вира бехкъасторхоша 2014-чу шарахь.

Политковская Анна ехьара аьлла цу нахе дехар динарг хIинца а карийна вац.

XS
SM
MD
LG