ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Емельяненкона критика йинчу нохчийн спортхочуьнга латаре кхайкхина Украинера Крыловс


Украинера латархочо Крылов Никитас шех лата аьлла кхайкхам бина нохчочуьнга Эдилов Iабдул-Кериме, цо Емельяненко Федорна луьш къамел дарна. “Эдиловца тхойшиъ шиа UFC (Ultimate Fighting Championship) (Латархойн юьззина чемпионат) лигехь ву, оха и хаттар къастор ду, спортхоша а, божарша а санна, боху цо "Инстаграмехь".

-Суна ца деза ас уггаре а лоруш болчу латархойх волчу стагах ахь яздеш дерг. Цундела ас хазахетарца ларвийр ву хьо UFC-ехь… Телефонаш а ца етташ, урс хьокхур ду а, хьунха вуьгур ву бохуш хабарш а ца дуьйцуш (Янан а, Магомедовн а иза ма хиллара), тасалур ву вайщиъ бIаьста UFC-сехь, тIаккха хуур ду вайшинна спортехь мила виса веза, «Инстаграмехь» яздеш мила виса веза, - аьлла яздина Крыловс шен «Инстаграмехь».

Нохчийчура "Ахмат" клубан векало Эдиловс оьгIазе тIеэцнера Емельяненкос Соьлж-гIалахь турнирехь бераш летийтарна аьлларг. «Ца оьшу хьайн гIуллакх доцче гIерта. Иза хьан чекхдера дац», - аьлла яздинера цо Deskgram-хь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG