ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маца мукъадер ду къам КадыровгIарах?



Цхьана декъо Кадыров Ахьмадах, Нохчийчоьнан тIаьххьарчу 30 шеран иэс дIа а дойуш, мехкан «хьалхара президент» олу. Цо кIелхьара даьккхина боху къам чуьрчу зуламдайшца хIалладечуьра.

ШолгIачу декъо Кадыров Ахьмадах, шен къам а духкуш, Кремлехьа а ваьлла, дукха къонахий хIаллак а бойтуш, мехкан пачхьалкхалла хьашинарг олу.

Изза ши цIе лела Кадыров Рамзанна гонах а. Цуьнца цхьаьна Iедале бахкинчара а, цхьаьна рицкъа гулдинчара, даржашка хевшинчара «паччахь» олу цунах, халкъ а декхаре до изза цIеяккха. Царна хетарехь, Кадыров вацахьара хир яцара меттахIоьттина, хазлуш Соьлж-ГIала а, кхийолу меттигаш а, хир дацара тIемаша дакъаздаьккхинчу халкъана чусадеана а.

ШолгIачу декъо Кадыров Рамзан, шен да а санна, махкана ямортло а еш, къам Кремлан караделларг лору. Цунна бехкедо нохчашлахь гIуллакх-гIуллакх малдар, махкахь цкъа а ца леллачу барамашкахь къизалла яржор, адамаш дайар, лецар, махкара нах идар, белхаш бацар, иштта дIа кхидолу а сакхташ.

Хьалхарчу декъо даздо Кадыров Рамзан даржехь кхозлагIа а чIагIвалар. ШолгIачу декъехь дагахьбаллам бу. Хьалхарчара шайн дахар тоьлла хир ду боху кхидIа а, вукхара шайна цкъа а гур доцчух тера ду самаьлха дуьне, иза даржера воссале, шаьш маршонах а хьоьгуш, эхарта доьрзур долучух тера ду боху.

Муха тIеэцна Кадыров Рамзан шегарчу гIентахь юха а дIачIагIвалар махкахь а, арахьа а? Мел лаьттар ю и цIе къоман коьртехь? Оцу хеттаршна жоьпаш массарна а оьшу. Амма махкахь хетарг хазош кIезиг бу – нах дIахазо баьхьарг Кадыровна а, цуьнан гонна а оьшург бен дац.

Махкара сихха бовда дезначу бакъоларъярхойх ю хIара. Цунна хьовзам баларна кхоьру Маршо Радио, цундела цIарца ца юьйцу, амма дош ло цунна.

Нохчийн бакъоларъярхо: "Вай кхета, стенгара бу, хьан белла Кадыровга ницкъ. И ницкъан да дIаваллалц, Кадыров а хир ву даржехь".

Нохчийчуьра дукха хан йоццуш юьстахъяллачу бакъоларъярхчо тидаме оьцу бахначу харжамашкахь Кадыров Рамзанна кхаьжнех дукхахберш кхаьчна хилар. Оцу хьолаца а, ша а, кхечу нохчаша а сатуьйсучух а иштта дуьйцу цо.

Нохчийн бакъоларъярхо: "Цхьаццаболучара боху интернетехь, Кадыровна алссам кхаьжнаш тесна, нахана иза мега. Царна мегаш хилча, массарна а мага мегар дацара, хоьтту. Суна-м башха дац, иза къоман харжам белахь, Амма Дала елла ю синан маршо, Иза сайнахь кхобур ю-кх ас, ца лаьа цхьанненна а дIаяла."

Муха хила догIу Нохчийчоьнан лакхарчу куьйгаллехь? ХIун ду халкъо цуьнагахь лан а, ца лан торург? Оцу хаттарна иштта жоп ду Маршо Радиоца анонимехь къамел дечу бакъоларъярхочун.

Нохчийн бакъоларъярхо: "Цигахь хуьлда Кадыров я Магомадов, суна бен а дац, цо адамашна паргIато юьтуш хилчхьана. Ла тарло, иза къоман гIагIанаш кхочушбеш велахь, вацахь - лан дуьсу-кх"

Дош ала мелла а маьрша болчу нохчийн проблематикаца бехачу бакъоларъярхошна муха хета? Мел латтор ду къам Путина Кадыров Рамзанан куьйга кIел, иза а теллира Маршо Радионо.

Дукха хан юьсий нохчашна Кадыров лан бохучу хаттарна «Iазапна дуьхьалояран комитетан» куьйгалхочо Каляпин Игора жоп иштта ло.

Каляпин: «Садеттар бохучунна тIе вай дерзахь, алсам вай са мел дитти а дахлур ду иза. Олуш ма-хиллара, хIора халкъан шега хьажжина хуьллу Iедал а. Суна ца хаьа оцу кадыровгIараллица Дала Нохчийчоьнна стенна дина таIзар.

Кхетий хьо, вайн ерриг а Оьрсийчохь чуьраяьлла йоьдуш Iедалан деградаци ма ю. Iедале мел кхочу персоналеш, куьйгалхой уггаре эшнарш ма бу. Иза ерриг а Оьрсийчоьнан бала бу, шен динамика а йолуш. И динамика ю телхина йогIуш.

Ткъа Нохчийчоь - иза уггаре доккха масал ду. Кадыров, шен массо а башхаллашца, цуьнан хаарш ца дуьйцуш, кхин амалш а схьаэцча, дерриг а нохчийн къоманна дуьхьалбаьккхина бала бу. Со дукха лела Нохчийчу, сан цигахь дуккха а доттагIий бу, ас тайп-тайпанарчу нахаца юкъарлонаш лелийна, ас боху, Кадыров ванне а вац нохчийн къоман векал.

Тхан кху Оьрсийчохь, цуьнан геннарчу ярташкахь беха нах, нохчийн къам а, я цуьнан култура, я цуьнан интеллигенци а евзаш боцурш, цара Кадыровца бусту нохчий.

Тоъал синiаткъам бохьуш сурт хIутту – адамехь Iилма дацарал а совнаха, дац гIиллакх, ца лардо ламасташ, ца оьцу схьа хьекъал шен гонахарчу оьздачу нахера. Соьга хаьттича, оьзда адам алало муьлххачу а къаночух, масала, даима а лаьмнашкахь ваьхна а, я дешна а воцчу, цунна хаьа нахе ладогIа, нахаца ларавала. Оцо цунна хIун ло? Ларам а ло, оьздангалла ло, дин довзар ло.

Ткъа Кадыровца данне дац и саннарг. Муха кхаьчна иза шегарчу дарже, вайна массарна а хаьа, ас юха ца дийцича а. Цкъа мацца а иза оцу метте хIотторца цхьа логика хила а тарло. 12 шо хьалха цунах Нохчийчоьнан куйьгалхо вира. Ас тIе ца оьцу и логика, амма иза хила тарло хIетахьлера хьелаш юхьара эцча.

Эшна хир ду Ахьмад-Хьаьжас лелийнарг дIадахьа, нохчий къарбан, федералан структурийн метта бухара структураш хIитто, хьал нохчашка шайга луьстуьйтучу даккха. Эшна хир ву-кх, кхетаме вацахь а, хаарш дaцахь а, гIиллакхe вацахь а, омранаш кхочушдийр долу стаг. Кхолла эшна медиа-гIирсашца ша-тайпа буьрса, Къилбаседа Кавказехь террорризмана дуьхьаллаьтта стаг».

12 шо хьалха оьшура Путинна нохчийн къам къардархьама Кадыров. Ткъа стенна оьшу цунна иза тахана, ша ца кхета боху Каляпина.

Каляпин: «12 шо хьалха цуьнан цхьа маьIна хилла хила а тарло. Амма со ца кхета, стенна оьшу иза хIинца. Вац хIинца Къилбаседа Кавказехь а, я Нохчийчохь а кхеро висина стагга а. Йолуш йолу проблемаш дIаяха оьшу хьекъал, хаарш, экам балхатIехь хилар, экономика кхиор, белхан меттигаш кхоллар. Шеко а йоцуш кхеташ ду, Кадыров оцу Iалашонех цхьа а кхочуш ян таро йолуш вац, ца хаьа Кадыровна хIумма а. Соьга хаьттича, Кадыров ницкъахочуьнан карикатура ю.

Стенна оьшу тахана Москохна Нохчийчохь и тайпа куьйгалхо, со тIаьхьакхуьуш вац. Цундела хаттарна, стенна маццалц иза дахлур ду, жоп дала а суна вуно хала ду. 12 шарахь оцу гIентахь Iийна стаг мелла а шен бага ларъян мукъане а Iама везара.

Скандалаш кхуллу цо, хетарехь, леррина а кхуллу. Гарехь, цунна оьшу иштта бен-башха а доцуш, Оьрсийчоьнан низамех ца веша кепаш лело. Хаац, амма деш-м ду иза цхьа Iовдал, скандалаш а кхуллуш. И скандалаш цунна ерзо а ца хаьа, уьш лилхича, оьздда чекхвала а ца хаьа.

И массо а истореш оьзда яц, со тешна ву, и дерриг а Путина кхетадо, амма хийцалуш хIума дац, оцу бахьанехь суна новкъа ду нохчашца лелориг. Кест-кеста гойту Кадыров Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашкахь, дукхаболчу наха оцу адаме а хьоьжуш, кхетадо дерриг а нохчашца доьзна дерг – иза суна Iаткъаме ду».

ХIун хила тарло Кадыров Рамзанах кхидIа, мел Iан тарло иза шегарчу даржехь бохург, мел хьега еза нохчаша Кадыровна махкахь адам парггIат ден а, набахте хьажо а, дешан маршо йоцчу хьолехь кхаба а бакъо кхачошйолу зама бохучуьнца дозало.

Нохчийчоь йиллина шен тергонехь латточу, кест-кеста цигара хьал дуьйцучу Дуьненаюкаърчу кризисан тобан Оьрсийчуьрчу а, Къилбаседа Кавказерчу а проектан директорна Сокирянская Екатеринина хиндочун ши сурт го.

Сокирянская: «Хиндерг тидар баркалла хуьлу хIума ма даций, делахь а суна, ши вариант го хиндолчун.

Хьалхарниг, Кадыров даржера дIавоккхур ву, аьлча а, вуно кеста хир вац республикан коьртехь. ДагадогIу-кх шуна лелла хабарш, Кремло шен и формалехь доцу контракт Нохчийчоьнан урхаллица кхин дIадахдийр дац, хIунда аьлча, Кремле шена оьшучул далуш олалла дац, иза цуьнга ца леладало Нохчийчоьнна тIехь, я и дан луурш дукха а бац, оцу махкахь конституци лелаш а яц, бохуш хабарш лелара.

Кадыровна юха а дарже кхача магийтинехь а, дац иза и стаг даима а IийIр ву даржехь бохург. Путинна ца деза даржера стаг тIех гIара а доккхуш вохор, иза нисдийр ду ишта дIа могIара хIума долуш санна. Цхьа сценарий и ю хиндолчун».

Сокирянская Екатеринина гуш йолу шолгIа сценарий Кадыровна а, цуьнан гонна а ма-оьшшу ю.

Сокирянская: «ШолгIа сценарий, хетарехь, лелардерг ду. Кадыров Рамзан Нохчийчоьнан коьртехь Кремлехь Путин мел веха Iан тарло. ХIунда аьлча, Путинна мега цо Нохчийчохь лелориг. Нохчийчоь массарна Оьрсийчохь а масале юьллуш дукха ма нисделлий, масала, Медведев Дмитрийс санна. Нохчийчохь мел дийриг нийса а ду, Кадыровс шена хьалха хIиттийна Iалашонаш кхочуш а йо аьлла хета Путинна.

Нохчийчохь урхалла иштта латто деза, Кадыровна метте хIоттавойла дац цхьа а, аьлла хета Путинна. Цундела махкахь режим а лаьттар ю, Путинна иза дикачех хетаре терра. Цундела Кадыров а велла дIаваллалц латта тарло Iедалехь».

Нохчийчоьнах а, Оьрсийчоьнах а доглозучийн ойланаш иштта ю Кадыровх а, цо нехан дахарехь дIалоцучу а меттигах.

Соьлж-ГIалахь цхьана дийне а озийна, кхо даздар дIадаьхьина кхаарийдийнахь. Паччахьаллехь кхозлагIа чIагIвина, Кадыровна тажтиллира иза винчу дийнахь цунна герга оьзначу мехкан коьртачу шахьаран дийнахь.

Кхушара иза вина де а, ГIалин де а стохкачул паргIат дара. Амма ца хиллехь а хир дара стохка хилларг. Дагалаца догIу стохка оцу дийнахь теракт йира Соьлж-ГIалахь, велира виъ полицин белхахо. Бакъду, юха ца яьккхира цу денна лерина, берриг мохк дIа а кхойкхуш ,хIоттийна концерт, ур-атталла салюташ а ца ехира юха.

Кхушарлера башхалла ю вер-ваккхар доцуш и де чекхдалар. Ткъа лаьа мехкан бахархошна и бохамаш лахлойла. Къаьсттина дагахьбалламе хуьлу нах Iожаллина сихбеш хийзаш Iедалера нах нисбелча, сатуьйсу хIораммо шен маршонаш, валар-висар хьакамийн карара даьлла зама яре.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG