ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь 8 стаг вийна


Нохчийчуьра хьал, хIуъу а хила тарлуш тешаме а дац, кхане, ламе, бахархошна садоIийла а яьлла, синтеме йогIур ю-кх ала дегайовхо хан мел йолу а гIеллуш.

Цунна кест-кеста тоьшаллаш карадойту юх-юха а гучуюьйлуш лаьттача гIайгIанечу, Iаткъамечу тIеман билгалонаша.

Нохчийчоь уггар синтемечу, машаречу кIоштех цхьаъ ю бохуш кхайкхош делахь а, кхерам а, ладегIам а дебош, тергаллу-ш лаьтта махкахь, вер-ваккхарций, лецаршций, маьрша стаг доьза варций бозабелла, тIеман хьу йолу луьра хиламаш.

БархI стаг а вуьйш тIеман тасадалар нисделла ГIадужучу- беттан 9-чу дийнан буьйсанна, Гуьмсан кIоштехь.

Полисхойн урхаллин хьостано дийцарехь, хIаллакбинарш ДегIастанара богIуш хилла Нохчийчохь талораш дан Iалашо йолуш.

Официалан чIагIдарехь цу жимачу тобанна баьчча хилла 33 шо долу Демильханов Iела. Цуьнан накъостий, герзаш дIасадетташ, машенах яьллачу цIергахь чIогIа баьгна хиларна, цкъачунна муьлш бу хиъна дац боху низамхоша.

Бакъду, цхьаболчу говзанчаша шеконе оьцу новкъахь Iожалла карийнарш талораш дан арабевлла тIемалой хилла бохург. Шен шеко ишта кхетайо, масала, пенсе вахале 20 шарахь сов ницкъаллин структурашкахь болх бинчу, сан юьззина цIе йоккхийла доцчу соьлжагIалахочо Нурдис.

Цо элира: «Машенахь богIучара тоьхна боху дуьххьала герз, гранаташ а кхиссина боху, тIаккха а царех дийна стагга а ца вуьсуш уьш белла дIабевлла, ткъа цара дуьххьара герз тIедуьстинчу полисхойх, вийна цхьа а вац, масех лазавар доцург.

ШолгIа шеко. Вуьйриг вийна ваьллашехь машен стенна ягош ю цу чохь берш ца бовззал бага а беш? ТIе бензин а детташ, яга ца йича и муха йогу оццул чIогIа декъий ца довззал?

Уьш цу чохь бихкина латтош-м ца хилла, цхьа араэккха а ца хьожуш IадIал? Нагахь и машен йогуш хиллехь а полисхой и цIе яйа стенна ца хьаьвсина?».

Цу кепара хеттаре буьйлурш цхьа Нурди хилла ца Iа.

И зевне хилам боцуш, кху беттан 9-чу дийнан буьйсанна мехкадаьттан биргIа ларьеш волу гIаролхо вийна Шелан кIоштан Мескер эвлана гергахь. И зулам динчара дIадехьна Iедало цунах тешийна табелан олу герз.

Бехк-токхаман гIуллакх а долийна лохуш бу куьг бехкенаш. Зераш дечу талламхошна хетарехь полисхо веран коьртачу бахьнехь цхьаъ ду герз лачкъор.

Нохчийчохь гIуллакх дечу Талламан комитетан хьостано хааме даккхарца, веа тIемалочунна дуьхьал долийна бехктокхаман гIуллакх чекх а даьккхина, церан дов кхеле дIакхачийна низамхоша.

Новр кIоштан Алпатов эвларчу кегийчу нахана Хасенов Хьусайнний, Басханов Рустамний, Хаджиев Мохьмадний, Умаров Олхазарний бехке дуьллург ду хIинцачул 8-9 шо хьалха тIелатар а дина, Буряти республикера веъна ши полисхо а вийна, церан герз дIадахьар.

Талламхоша билгалдоккху цу жимачу тобано ишта герзаца тIелатар а дина, 2008 шарахь 3 белхо а вуьйш, Новр кIоштан полисхошна герзаш деттар а.

Талламхоша гулбинчу бехкаллин тIоьрмиг чохь кхин а цхьа могIа зуламаш ду далош, куьг бехке и кегийрхой а лоруш. Цигга Новр кIоштерчу адвокатана Ширванна хетарехь, йисина хан белла дIабовллалц набахтехь яккха тарлуш ду веа кIанта.

Интернет машанехь бакъонашларьярхоша а, тергамхоша а тидам тIебахийта эшна а доцуш, тIамца а, криминал олучу ницкъалчу зуламашца а бозабелла а хиламаш Нохчийчохь хан мел йолу а луьста бовлахь бен лилха бовлуш бац банне а.

XS
SM
MD
LG