ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сечин юха а туьйли


«Роснефть» компанин президента Сечин Игора шен «сий, гIуллакхан репутаци» ларъярехь «Новая газетана» а, цуьнан журналистна Анин Романна а дуьхьал Москохарчу Басманан кхеле чуеллачу искана дуьхьал жоп делла оршотдийнахь.

Беза мах болу «Сийлаллин Ольга» хикема Сечинца доьзна ду аьлла газетан журналисто зорбане йиллинчу материалехь дуьйцург бакъ дац, «Сечинан цIе емалъеш харц хаамаш бу» аьлла, дIакхайкхийна кхело, бохуш яздо «Интерфаксо». Кхелан сацамца, газетана тIедожийна и материал сайтера дIаяккхар, цул совнаха, оцу информацина керстдар.

Ахчанан барамехь компенсаци ца дехна «Роснефтан» президенто.

Мархьокху-баттахь «Новая газетано» зорбане йиллинчу артиклехь чIагIдора, 150 миллион долларов гергга мах болу хикема Сечин Игоран зудчо Сечина Ольгас доладеш долу таро ю аьлла. Сечин Игоран адвокаташа газета бехкедора, "стеган дахарна юкъагIортарна".

Ткъа газетан редакцино бахарехь, Iораяьккхина информаци юкъараллехь чIогIа интересе ю, хIунда аьлча, Сечина куьйгалла дечу компанин коьрта акционер пачхьалкх хиларца.

Хьалхо масех кхелехь туьйлира Сечин, къаьсттина «Ведомости» газетан йоллу тираж хIаллакяйтира цо, Подмосковьерчу Барвихехь деш долу цIа Сечинан долахь хиларх информаци оцу газетано арахецаран бахаьаншца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG