ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Galaxy Note 7 телефонаш йохкар сацийна


Шинарийдийнахь Къилба Корейн Samsung Electronics Co Ltd концерно шен партнерашка кхайкхам бо Galaxy Note 7 смартфонаш йохкар, хийцар сацадар доьхуш. Цул совнаха, компанис хьоьху Galaxy Note 7 телефонийн дайшка оцу телефонах пайдаэцар, иза дIаюзар сацор. Телефонийн аккумуляторш яьгна дуккха а меттигаш билгалбевллачул тIаьхьа, декхаре хилла Samsung и кхайкхам бан. И керла смартфонаш йохка-эцарехь гучуевлла Марсхьокху-беттан 19-чу дийнахь.

Бахначу беттахь концерно шаьш йоьхкина 2,5 миллион телефон юхакхайкхийра, дуккхаъчу наха телефонаш йох а луш, йогу бохуш, аьрзанш динчул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG