ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ноьвр-кIоштахь керла префект


Ноьвр-кIоштан администрацин куьйгалхо хIоттийна Кадыров Рамзанан хьалхарчу гIовсан даржехь хилла Кашлюнов Дмитрий. Хьалхо оццу куьйгаллехь хиллачу Кашлюнов Владимиран кIант ву Дмитрий Кашлюнов. Нохчийчоьнан парламентан харжамашкахь толам баьккхина Кашлюнов Владимир декхаре ву шен префектан гIант дита.

Нохчийчоьан кIошташлахь Ноьвр уггар йоккхачех ю. 58 эзар адам деха цуьнан 14 ярташкахь. Царех 8 процент гΙалгΙазакхий бу.

XS
SM
MD
LG