ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кунаки" - ГIалгIайчу тиллина тIай


ГIалгIайн махкахь дуьххьара дIахьош ду, «Кунаки» олучу доттагIаллан клубан декъашхойн цхьанакхетар.

ХIинцалца иза хилла кхечу мехкашкахь.

Тахана, хьеший тIелаца рагI кхаьчнера гIалгIайн. Иза, цара шайна а, тIебаьхкинчарна а йохкIамехь дан а дира. Несар-ГIалан йистехь, йоккхачу ресторанан комплексехь хилира иза.

Баьхкина, Къилбаседа Кавказерчу массо а аьлча санна республикашкара векалш бара.

Шортта дийца а, ала а хIума дара, нохчийн а, дагестанхойн, хIирийн, гIалгIайн, гIебартойн, чергзойн.

Дуьххьара, массара а тIе тидам бохуьйтуш дерг- Кавказехь дайша лелийна долу доттагIаллийн ламаст юхаметтахIотто дезаш хилар дара.

«Кунаки» клуб кхоьллинарг ву Мазлакх-гIалара нохчо Успанов Юни. Ша дуьххьара нахаца тарлуш, уьйраш езаш хиларе терра, шен мел волу доттагI а, интернетехь вевзинарг а цхьана ресторанехь вовшахтоьхначулла тIаьхьа доладелла ша дерриг.

ХIинца, иза къаьмнийн болам, церан дипломати ю, ала мегар ду.

Маршо радиога вистхуьлуш, цо иштта билгалдаьккхира «Кунаки» клубан Iалашо а, цуьнан шена гуш болу некъ а.

Успанов Юни, "Кунаки" вовшахтоьхнарг, бизнесхо.
Успанов Юни, "Кунаки" вовшахтоьхнарг, бизнесхо.

Успанов: «Вай ваьшша кху Кавказехь барт ца бахь, вайн меттан иза дан цхьа а вогIура вац. Хьалха вайн ворхIе дайша лелийнарг лело деза вай. Iедалшка а ца хьоьжуш».

«Кунаки» боламан могIарш, хIора кхеташо мел хуьлу, стамлуш бу. ХIинца а баьхкинчеран терахь 150 хила мега. Цундела, и долийна гIуллакх дика хилар а, иза яьрьжийта езаш хиларх а дуьйцу гIалгIайн вевзачу бакъонашларъярхочо Муцольгов Мохьмада.

Муцольгов: «ХIара тайпа цхьанакхетарш а доцуш доккха зен хилла вайна. Республикашна юккъахь, пачхьалкхашна юккъахь санна дозанаш ду декъна блок-посташ а хIиттина. Вай хIинца, барт а беш хIума долийча, вай муха ду дIадовзийтича, тIаккха, ерриге а Кавказехь а барт бан некъаш лохура ду вай».

Адыгийн махкара веана Борей Марат а тIетов, иштта цхьанакхетарш оьшуш хиларна. Цо иштта элира.

Борей: «Со воккхаве, со кху тобан декъашхо волуш. Вай кхузахь иштта цхьанакхетаро гойту, хIра гIуллакх дика хилар а, иза тIаьхьало йолуш хирг хилар а. Ас сайга далуччуьра накъосталла дийра ду. Вайн дайша лелийнарг вай лело деза».

ХIирийн махкара юкъаралхочо Татаров Алана, ша вистхуьлуш билгалдоккху, Iедалшка а ца хьоьжуш, наха, шаьш вовшашна дегнашна тIебоьду некъаш лехча, кхана-лама тIекхуьучу чкъурана иза карора ду аьлла.

Татаров: «Коьртаниг ду, барт бан хаар а, лаар а. Вайна хаа деза иза. Лакха тIехь барт бан хууш бац. Вай бан беза и барт тIаккха. Каддафи Муамар цкъа аьллера Израильца тIом дIабаьлча: «Барт вайна ца оьшу. Иза вайн берашна оьшу. Цундела, мел халонаш хилахь а, вай духь-дуьхьала а хьовсуш барт бан беза».

Ала догIу, «Кунаки» клубан декъашхой цхьанакхеташ, Iедалхой ца бевллла бен ца богIу.

ХIинца а хилира иштта. ГIалгIайн махкарчу къаьмнийн юкъаметтигийн министраллера могIарера цхьа векал бен вацара веана.

XS
SM
MD
LG