ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терактехь белларш дагалецира Ниццехь


Яхначу аьхка «Ингалсхойн хийисте» олучохь 86 стаг а вуьйш динчу терактехь байинарш дагалецаран церемони дIаяьхьина шоьтадийнахь Ниццехь. Цу барамехь дакъалецира Францин президено Олланд Франсуас, байинчийн гергарчара а. Верриг гулвелларг эзар сов стаг вара.

Церемони йоьдучу юкъанна меттигерчу операн артисташа беллачийн цIераш дIайийшира, цул тIаьхьа гулбеллачара зезагаш дехкира хIоттийначу монументан гонах.

Товбеца-баттахь Бастили яккхаран де даздеш Ниццехь эзарнашкахь гулбеллачу нахана юккъе, нах а хьоьшуш, чекхъяьлла кир кхоьхьуу машен. 86 стаг велла, 100 сов лазийнера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG