ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асад Башаран гонна дуьхьал - санкцеш


Европан Бертан мехкийн арахьарчу гIуллакхийн министрш оршоьтадийнахь бийцаребина Шемахь машарбаран некъаш. ГIайгIанехь ду дипломатийн Асадан Iедало а, цуьнан агIо лаьцначу пачхьалкхаша а, доккхачу декъанна, Алеппохь цIийIенор. Евробертан дипломатин декъан куьйгалхочо Могерини Федерикас бертан къамелаш долалуш дIахьедира, Шемарчу Iедална дуьхьал керла санкцеш яха тарло шаьш, аьлла. Оцу могIарахь хьехадо барамехь санкцеш Асад Башаран Iедалца цхьаьна маьрша нах хIаллакбечарна дуьхьалъяхарх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG