ТIекхочийла долу линкаш

ХIусамашкахь яго газ бахьнехь вуно чIогIа ладегIамехь кхоьбу Iедало махкахой. Къаьсттина эшамехь, хало ловш бу болх-некъ боцуш, пенсеш а, пособеш а лардеш Iаш болу нах.

Бахначу ГIуран-баттахь бахархошкара ягочу газах догIу ахча схьадаккхар тIедожийра Iедалхошна мехкан куьйгалхочо Кадыровс. ХIетахь дуьйна дIадолийна махкахь коммуналхоша, юххебаьхна ницкъаллин структурийн декъашхой а болуш, бахархошна тIеIаткъамбар. Нехан таро ю-яц бохург а, Оьрсийчоьнан низам кIоршаме талхош хилар а, тергамза а дуьтуш, дийнна урамаш, каппаш газ йоцуш дитинера каде хьийзачу Iедалан белхоша.

Цу хенахь хедаярх цхьайолу газан биргIанаш хIинца а яц тIетиссина а. Iедалан хьостано официалехь далочу терахьашца, йовхо йоцуш витинарг 40 эзар сов декхархо вара. Цу хенахь дуьйна а дукха вайнехан коьрта лазам а хилла лаьтташ ю газ дIахедаяр а, цунна токхамаш бан ницкъ цахилар а. Баккъал а ахча дIадала лаа а лууш, амма и охьадилла де доцурш Iаламат дукха бу Нохчийчохь.

И саннарш доза а доцуш цецбуьйлу миска лол бетташ хене буьйлучаьргахь а Iедалан векалша яллочу гIелонах. Чоь юьззина заьIапан бераш кхобуш Iаш волчу шен ваша газана ахча охьаддила бохуш,суьде а луш , готте хьийзаварх дуьйцуш ю Теркйист кIоштера Мусаева Макка.

Макка: «Газ дIахадо мегар дара ахча дIадала таро а йолуш,ца луш Iаш болчеран. Дан амал доцуш гIийла мика бохкучаьрга цара хIун ден боху баха а. Кхара стенна леладо кхечанхьа доцург. Кхо шо даьллачул тIаьхьа низамо а магош ма дац нехан газ хедо а,гIуданаш детта а.

Кхечанхьа беш болу къинхетам кхара стенна ца бо? Чохь диъ зIаьIапан бер долчу стаге цара хIун ден боху ,и ша а ма ву 2-чу тобанан заьIапхо. Суьдехь дов а хаьттина ах сов дIадаьккхина, 52 эзар тIехь дитна. Цуо мичара ,муха дала деза оццул ахча?»

Дукхахболчу махкахошка кхета ца ло,тайп-тайпанчу синкъерамашна а,дуьнентIе мел долчу ловзаршна а,латаршна а хIора баттахь миллионашкахь еш харж а йолуш, миска нах цу декхарх хьалха цабитар. Газана ахча охьадилла бохуш нах хьийзорах цецйийлина ца йолучех цхьаъ ю пенсехь йолу Асаева Майнат.

Майнат: «Тхан шичин а хадийна газ дIа, 80 эзар охьадилла аьлла. Кхо доьзалхо волчу цунна мичара дала деза и ахча? Шайна синкъерамашна лесто ахчанаш ду ткъа адам лаг а лаьцна хьийзош ду. 6-7 эзар пенси догIучу стага хIун дан деза?»

Премьер министаран даржехь лаьттинчу Черномырдина шеха эккхийтина шен заманахь : «Вуьшта а Iуьллуш верг оза гIерташ ду-кх вай хIинца а». Тахана махкахь долчу хьолан бакъ мах хадош лору и дешнаш цхьаболчу тергамхоша.

«ТIеман ветеран ларалуш,шен Iедало делла кехат-тоьшалла а долуш 85 –ра зуда ю тхан урамехь. ХIинцца кхо де хьалха дIахадийна цуьнан газ. Префектана тIевахна а лелла цуьнан кIант. Цо шен карахь дац аьлла, изза боху газан хьукхматехь а. Кху чохь йолу къизалла яц цхьана лула-куларчу мехкашкахь».

И къамел динчу МIамкхин юьртарчу тергамхочунна хетарехь, мел бух бацахь а, низамца мел гома нислахь а – цхьа хIума а хьесапе а ца оьцуш, кхузахь лелориг,вуно чIогIа хьех а кхеташ, дазлуш ду нахана. Шайн юьхь ларьян а,Iедалан а,низаман а сий-лерам байта а саготта бац маьхькIамхой,мел челакха дина омра а дахаре дерзо бен. Юха а шен метта ду аьлла хета мацах Черномырдина аьлларг: « ХIинца а жимма хан ю юьхь ларьян.Цул тIаьхьа ларйийр ю-кх дегIан кхийолу меженаш.

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG