ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьаболчу маьхькIамхоша а, бакъонашларьярхоша а чIагIдарца, Нохчийчуьра дахар токхонах, синтемах юьзинна ялсамане ю. Цундела Iедалан мукъ карахьболчу урхалчаша даррехь харцдо, Европан пачхьалкхашка кхача салаьтташ дозанашкахь эзарнашкахь нохчий бу бохург.

please wait

No media source currently available

0:00 0:05:50 0:00
Линкана тIе

Бакъду, изза хьажам могIарерчу бахархойн бу бохург, океан шоралле хьаьжжина дуй те аьлла,долуш долчу хьолана гена ду. Таро а хилла Iедалхошна тIекхаьчча, дехар-леткъамех, дала тарлучу хеттарех, цакхетарх боттабелла беха эзарниш могIарера нах.

Цаьрга ца кхетало дукха адам инзар-акъ доккхуш, езачу хенахь мацах-мацахлера декхарш дуьхьал а детташ, газаш дIахедаяр а, Оьрсийчоьнан низамах шайна лиъча байракх еш, ца лиъча чоьта теIош, сийсаздан санна, пенси баха хан кхаччаьрш балхара боха а беш, лоьраш, хьехархой, масала, церан метта кIорге йоцу нах дIахIиттабар, изза низам кIоршаме талха а деш, махкахошна бух болуш а боцуш тIеIаткъам бар, шена хетарг, шен ойла-хьажам Iораяьккхинарг, цхьа зулам дича санна жоьпе ийзавар…

Дукхе дукха ду шайн аьллар хилча могIарерчу наха Iедале деха а,хетта а лоьруш дерш. Аьлларг аьлла а хуьлуьйтуш, массарна а хезаш шаьш дIакхайкхийнарг мехала а хеташ дош лардаре боьхуш бара ша Iедалхой боху Соьлжа- ГIалин Старопромысл кIоштерчу яхархочо Луизас.

Луиза: «Сайн а,нехан а дуьхьа ас доьху дерг хIун дара. Газана а,токана а хьокъехь Iедалехь болчара дуьйцуш дар-кх 2010 –гIа шо тIепкхаччалц нахана тIера декхарш дIадаьхна бохуш.Ткъа хIинца кхара лелориг хIун ду со кхеташ яц. 2007 –чу шарахь дуьйна токхамаш бен боху хIинца.

Харцонаш ю лелориш. Цкъа аьлларг лардеш уьш-м бац. Ас и хоттур дар-кх. Мел теша мегар ду аш дуьйцучух? Галваьлла, я ала мегар ду моьттуш шена ишта моьтту аьлча цхьамма, цуьнан дашна тIаьхьа-м ма бовлу хIорш,шаьш дуьйцург лар ца дахь а.»

Шайн доьзалхойн хьашт-дезарш юххера довзарна,кхузара царна сагатдар алсам хиларе терра,къаьсттина шовкъе дуьйцу шайн берашна хуьлчу эшамах наноша.

Массарна а бохург санна Iеткъарг ду,болх-некъ цахиларна кегийрхой махках бийлар а,даьлларг хIума а доцуш, цара 30-40 шерашкахь хьаннал къахьегар хьесапе а ца оьцуш,хьо 55-ра яьллий,60-ра ваьллий бохуш говзалла йолу къинхьегамхой пусар-хам боцуш,балхара бохабар. Цунах а,кхечух а ду кху гIеметта хIиттинчу зударша далхориг.

Хьалхара зуда: «Хьокху махкахь дахар тодалийта уггар хьалха оьшург болх-некъ хилийтар ду,алапаш,пенсеш тIетохар а ду.Сайн аьллар хилча ас дахаран хьелаш тодойтур дар-кх»

ШолгIа зуда: «Уггар хьалха со тIекхаьчча ас аьндерг, коррупци дIа а яккхий, низамо ма бохху болх байта эр дар-кх. Цхьана меттехь доцург дан а ма гIертахьара эр дар-кх. Уггар болх бан хан кхаьчна нах балхара дIа мА баха а эр дара. Дайша олуш хилла Iедал доцуш ма дуьсийла. ХIинца-м дисна къам и доцуш».

КхоалгIа яхархо: « Ас хIун эр дарий. Беран хенахь дуьйна дIа деша а гIиртинера со,деша а дешнера ас, болх бан а, и болх сайна Iамо а гIиртина. Кхечуьнга хаьттича эхь ду моьттуш со дуьхе кхиа гIерташ, дукха жарганаш а кегийна ас ца кхетачу хеттаршна жоьпаш лоьхуш.

Дерриге Iама а дина, оццул и болх беза а безаш,и доггаха со бан гIерташ йоллушехь со балхара дIаяккхар лан ца делир-кх соьга. Со саннарш дукха а бар-кх. Болх бечарна,болх безачарна белхан меттигаш йитахьара эр дар-кх ас. Озабезамаш хьалха а бохуш хIара нана Нохчийчоь гIел ма яхьара эр дар-кх ас».

Махкахоша шайна тергаллучу хьолах мел дуьйцург садуург, лазаме даьлларг ду. Царна даггара лаьа Iар-дахар ладегIаме а доцуш,нийсонан бух тIехь,дуьйцург а, долуш дерг а,шалха ца долуш, цхьаьна а догIуш, маьршша хетарг дIа а олуш, и аьллера аьлла,лар толлучу,тарш жIаьлешка санна, шен хьажам-ойла хааме яьккхинарг леха а ца лоьхуьйтуш, хьере «акхалла» дIа а яьлла,бакълена а шайн дахар битаме догIийла.

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG