Оьрсийчоьнан дуккха а эскархой Украинерчу Донбассехь хилар гойтуш тоьшаллаш гулдина шаьш, дIахьедина Европерчу кхерамзаллехула а, цхьанаболхбарехула а йолчу организацин тергамчийн миссин куьйгалхочун гIовсо Хуг Александра.
Либерасион газетехь Хуга дуьйцу, шайн миссин декъашхошна хьал ма-дарра талла аьтто ца ло сепаратисташа, Донбассехь цхьацца меттигашкахь минанаш йохку а бохуш. Ткъа иза Минскехь бинчу бертаца ца догIу, боху Хуга. «Эккха кхийчча бу Донбассера машар», аьлла цо.
Шен миссина вуно дукха гина Оьрсийчоьнан эскарийн духаршкахь, иштта алссам гина Украино лецначу тIемалошлахь Оьрсийчоьнан эпсарш а, салтий а, шайгахь церан цIерш а, цара дина т оьшаллаш а ду, хаамбина Хуга.