ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьераваьлча, вуьтуьр варий-те?..


ГIадужу беттан 26-чу дийнахь дIахьор ду Клыхан а, Карпюкан а девнан Нохчийчуьра Лаккхарчу ладегIарш. Цу шинна кху аьхка кхело кхайкхийначу кхелана хьовха, и шиъ бехк боцуш чувоьллина хиларх шеко йоцчу царна тIехIуттучу агIоно а аппеляци йинера кхелан лаккхарчу тIегIане...

И гIуллакх цаьрца дийца а, шен белхан накъосташца - адвокаташца дагавала а Нохчийчу веанера адвокат Новиков Илья. Соьлжа-ГIалахь массийтта сахьт а даьккхина Москоха юха дIавахара иза. Иза сиха хилла дела, цуьнца цхьана а кхетта къамел дойла ца хилира Маршо Радион, амма аэропортера цIавоьдуш, машена чуьра телефонца къамел дира цо.

Дуьххьара цо билгалдоккхуш дерг ду, Клых Станислав коьртаца могуш цахилар. Цунна тIехь къизалла лелийна, бохуш дуьйцу дукха хан йоллушехь, кхело иза терго а ца еш дитира. Цундела, могушалла телхина хиларо шайна, адвокаташна чIогIа новкъарло еш ю, элира цо.

Новиков: «Хьал чолхе а ду, чолхе а дац, ала мегар ду. Тхан дуьххьара а, коьрта а чолхалла яра Стас могуш цахилар. Иза ша дуьйцучуьн мах хадош вац. Кхелана иза могуш ву аьлла хета. Селхана суна гина иза. Иза чIогIа гIелвелла ву. Вочаваьлла. Иза мохане ву. Цо кхелан кхеташонехь дуьйцург тидаме эцча, со кхета цуьнца хуьлучух. Хьан а, сан а санна психика а йолуш могуш вац иза».

Клых Станиславан адвокат ю Дубровина Марина. Иза дийнна шарахь, хIора кIиранахь Новороссийскера Соьлжа-ГIала ихнера, иза чу ца воллийта гIерташ. ХIинца Клых Станислава дIахьедар дина, иза адвокат хилийта шена ца лаьа, цуьнан меттана шена тIехIотта валаве йишлакхархо Михайлов Стас а, Зверев, кхиболу Оьрсийчура артисташ а. Оцу дIахьедаро а гойту, иза коьртаца мел телхина схьавогIуш ву, аьлла кхин дIа а дуьйцу Новиков Ильяс.

Новиков: «Шен адвокат дIакъахкош цо аьллачу дешнаша цхьа а ца витира шеконехь, цуьнан могушаллица шадерриг дика дац, аьлла. Цо шена адвокаташ и нах бехаро а гойту иза. Дубровина Марина - цIена стаг ю, иза тIехсов похIма долуш адвокат а ю. Иза дийнна шарахь, цхьа кIира юккъе а ца долуьйтуш, Новороссийскера цIерпоштица Нохчийчу лелла. Цо шена тIеэцнера оцу процессан дукъ.

Оха дехнера кхеле, и ший а тутмакх тхоьга кхаъанге адвокаташ санна тIелацийта, аьлла. Иза тхоьга ца дайтира. Тхуна атта хир дара иза, хIунда аьлча, цхьаннан йиш ца хилча, важа гIур вара процессе. Кхело мага ца дира иза. Цундела, Маринин шен лела дийзира оцу процессе.


Стаса, ша метта ма веънехь, доккха баркалла эриг хир ду цунна. Ша дуьйцучуьн мах а ца хадош, цо дIахьедар динера процессехь, ша иза юхатуху аьлла. Тхуна чIогIа маьIне дара хIинца цо иза цаалар. 26-чу дийнахь аппеляци дIахьур йолуш ю Лаккхарчу Кхелехь. Тхан тобане кхиволу адвокат валийнехьара, цунах, зие бен, пайда хир бацара. Со селхана кеманца веънера Нохчийчу. Суна гира Карпюк а, Клых а. Оха дехар а дина, царга куьг таIадайтира тхо кхаа адвоката цу шинна тIехIуттуш болх бийр бу, аьлла».

Карпюкна а, Клыхна а бехке дуьллуш ду Нохчийчуьра хьалхарчу тIамехь, нохчашца цхьана, оьрсийн эскархошна духьала тIом бина хилар. Ткъе масийтта салти цу шимма вийна лерина талламо. Цу шинна тIекхайкхинарг ву кхин украинхо, ша а изза бехк а биллина чувоьллина волу Малофеев Александр. Цунна схьагарехь, цу шинна тIе и бехк биллар чоьте а ца эцна кхело. 25 шо хан а тоьхна набахте хьажийна иза.

Карпюк а, Клых а Нохчийчохь хилла цахиларна шортта тоьшаллаш доллушехь, цу шинна яьккхий хенаш тоьхна. Хьалхарчунна - 22 шо, ах шо, вукхунна - 20 шо. И процесс йолаелча дуьйна схьа дуьйцуш дара, иза адвокаташа лечкъош а дацара, хан ма тоьхнехь, и шиъ Украине дIавала а мега, аьлла. ХIинца иза кхочуш ца хилла. Амма сатийсам бу шайн, боху адвоката Новиков Ильяс.

Ала догIу, иза дуьххьара гIуллакх дац цуьнан украинхошна тIехIуттуш долу. Савченко Надеждин агIо а лаьцна, цуьнан процессехь а дакъалецира цо. Украинаца лелош ерг харцо хилар гучу цо, лечкъа а ца бора шен политикан хьежамаш. Ши шо далале украинхойн мотт а Iамабира.

Цул совнах, Оьрсийчохь иза адвокат санна вевзина Iаш вац. Дукхачарна цуьнан цIе яьккхича вевза «Что? Где? Когда?» цIе лелочу хьекъалчийн телевикторинан декъашхо санна. Цигахь тоьлла меттигаш а яьхна цо. Ша Савченкон гIуллакх тIелаьцча, оцу ловзаршна юккъера дIавала дийзира шен, аьлла кхин дIа а дийцира Новиков Ильяс.

Новиков: «Что? Где? Когда?» программа I-чу каналехь эфире арайолуш ю. Цуьнан шен спонсораш а бу. ХIинца шаверриг, Украина бахьнехь, чIогIа политикехьа вирзина. Цундела, ас Савченкон гIуллакх схьаоьцуш, оцу программин продюссершка хаам бинера, шуна цхьа новкъарлонаш хила мегаш долу гIуллакх тIелаьцна ас, аьлла. Со дIаваха кийча ву аьллера ас.

Цара, бакъдерг дийцича, со цхьана шарахь эха шарахь латтийра дIа а ца вохуьйтуш. Кху шарахь а, схьагарехь, тIедогIучу шарахь а со ловзур вац кхузахь. ХIинца со Украинехь дIахьочу оццу ловзаршна юккъехь ву. Цигахь а ду ишштта кечйина а йолуш, бакъо а яьккхина дIахьош и ловзар. Со цкъачунна цига дехьаваьлла ву».

Карпюк Николайна а, Клых Станиславна а кхайкхайина хан Нохчийчуьрчу кхело хийцам а боцуш йитахь, и гIуллакх Оьрсийчоьнан Лаккхарчу Кхеле кховдор ду. Цигахь а хийцам ца хилахь, Европера адамийн бакъоларъяран кхеле кхачор ду. Адвокаташ а, бакъонашларъярхой а хIинцале буьйлабелла цунна кечам бан.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG