ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Эхартахь бен хир дац баьхна Къемат-де дайрий шуна?"


...БIаьрг негIар а ца тухуш, хIета Оьрсийчоьнан премьер-министр хиллачу Путин Владимира дIахьедар динера, цигахь герз духку базар яра, цигара тIеман гIирс иккхина тIемалойн аьлла. Цул хьалха, хаамийн гIирсашкахь дийцаре даьккхинчу оцу гIуллакхах шайна хетарг аьллера инарлаша а, политикаша а. Ша «Латта-латта» олу ракеташ заррат герз дахьа а таро йолуш ю, цундела, шайна хаарехь, уьш тоха аьлла омра президенто бен дала йиш яц, аьллера хIета.

ГIалгIайчоьнан хиллачу президента Аушев Руслана бохучунна, ца бевлла, шаьш шайна тIера бехк а боккхуш, тIетайра оьрсийн инарлаш а.

Тахана а шортта тоьшаллаш ду бакъонашларъярхошкахь а, нахехь а и ракеташ тохар - адамаллина дуьххьала зулам ду, аьлла муьлххачу кхело мах хадор болуш. Официала документ санна лара мегар ду Соьлжа-ГIалара хиллачу яхархочо Жеребцова Полинас язйина «Аьнгли банки чуьра зингат» аьлла цIе йолу жайна. Иза ракеташ тухучу хенахь, шен ненаца цигахь хилла ю. Цуьнан дагалецамийн мехалла кхин а лакхайолу иза ша а оьрси хиларна. Маршо Радио зIене яьллера цуьнца. И ракеташ тохар шена тахана санна дагадогIу, бохуш дийцира цо.

Жеребцова: «ЧIогIа доккха эккхар дара иза. И эккхар хьуна хаа ца ло, хIунда аьлча, тхо къарделира иза хезча.Со юхайирзира. И ракета кхеттера деши духкучу могIаршка.Цигара тхо цхьа шиъ-шиъ ах урам дехьа дара. Со цу агIора хьажча жоьжагIатан неIарш йолуш санна дара. Дерриге дуьне а дегийра. Лаьттара алу стигал кхаччалца хьалайоьдура. Со цул тIаьхьа кхаа дийнахь хIумма а хезаш яцара. Тхуна уллера лулахой а беллера. Зуда елира копаста юхкуш йолу. КIант велира шен йишина гIодан веана волу».

«Латта-Латта» олу тактикан ракетийн шен башхалла ю кхечу тIеман гIирсаца. Иза тухуш ю леррина, мостагIан могIаршкара нах байъа. Иза лаьттахь эккхаш яц. Лаьтта тIекхачале иттех метар лакхахь эккха, шен чуьра кегий эккхаргаш ара а кхуьйссуш. Цо тохар дечу меттехь нисвелча, аьтто бац цигара дийна, я лаза а ца веш юккъера вала. И эккхаш а, цу чуьра кегий эккхаргаш ара йолуш гина шена, аьлла кхин дIа а дуьйцу яздархочо Жеребцова Полинас.

Жеребцова: «Нах генахь бара. И геригаш массо а агIора яхара. Доккха эккхар хилча, оцу ракета чуьра кхин а кегий ракеташ лелха йолаелира. 5-6 эккхар хилира. ша верриг дIаведира лазийна воцург, шайн-шайн гергара, вевзарг лаха. И ракета кхеттачу меттехь дукха адамех кегий кийсакаш бен ца йиснера. Дуккха а нахана масех де даьлча а, шайн-шайн нахах дисинарг карадора, тIеюхучу бедарца а, коьртахь лелийначу хIуманца а. Дийна догIмаш дисина дацара цигахь».

И ракетан тохар деш теш хилла дуккха нах бу. Цхьацца хаамашца иза Таркхойн хIурдана тIера тоьхна хилла. Дагестанехь вехачу нохчочунна Висаитов Ширванина дика дагадогIу и тохар. Уьш дIабоьлла хилла шайн-шайн юьртана тIехула яьккхий тоьпаш етташ хиларах, амма и ракета тоьхча, шайна хиира боху цо, цкъа а ца тоьхна долу, доккха зулам дийр долу герз иза дуйла.

Висаитов: «Со дозанна уллерчу юьртара вахархо ву со. Тхо дехачу юьртана уллера дIахьецна яра и ракета. Иза тIема йолучу хенахь дуьйна хаза а хезаш яра. Тхо дIадоьлла дара, танкаш тIера а, яьккхтий тоьпаш тIера етташ. Амма иза цхьа тамашийна ракета яра. Иза дIаоьдучу хенахь, ма чIогIа зулам эцна йоьду-кх хьо бохуш тIаьхьа хьийжира тхо. Цул тIаьхьа, дукха хан ялале, Соьлж-ГIалахь и къемат де хилла аьлла хезира тхуна».

Шена дага мел догIург, оцу хенахь I4 шо бен хилла йоцучу, Соьлжа-ГIалан хиллачу яхархочо дIаяздина хилла шен дневник тIехь. Цо мел дуьйцург, цхьанна а тайпана шеко хила йиш йоцуш хIума дуйла гуш ду. Ала догIу, и жайна дукха меттанашка даьккхина. Тахана а шен дагалецамашкахь лаьтта и хан, и эккхар а. ГIенахь а го шена, бохуш кхин дIа а дийцира Жеребцова Полинас.

Жеребцова: «И лазам лахло, амма иза дицдан йиш яц. Суна кест-кеста гIенаш го, со оцу базарахь йолуш, ас лулахошца къамел деш санна. Со царга ала гIерта ларло олий. Со дIаала гIерта, амма ца алало. ТIаккха со самайолу. Суна го наггахь и ракета эккхаш мIаьрго. Сан бIаьргашна духьалалаьтта цигахь мах беш хилла Роза цIе йолу зуда. Иза доьзалхочух яра 8 баттахь. Иза а, цуьнан кийрара бер а дийра. Цуьнан шортта бераш а дисира байлахь».

Динчу оцу зуламан тахана а жоьпе озийна стаг вац. Я цхьа а озавахь а тамаша хета Жеребцова Полинина. Къемата дийнахь жоп-м дала дезар ду цара, тIаккха а кху дуьненахь иза ган лаьара шена, элира цо.

Жеребцова: «Цхьанна а таIзар ца дина цунах. Я хир ду аьлла а ца хета суна. ХIинццалца схьа хиллачу зуламашна а жоьпалла ма ца лехна: газца нах байъина, Бабин-бердахь а байъина нах, ГУЛАГ-ехь а мацалла а хIоттина нах хьийзийна иттанаш эзарнаш. И зулламаш динчарна а ца дина таIзар. Лаккхара Ницкъана - Делана гуш ду иза. Суна лаьара и зуламан омра делла нах, хIинца президент верг а жоьпалле хилийта. Иза шаьш дина аьлла тIеэца деза. Ас ешна цхьанхьа Оьрсийчоьнан прокуратуро и гIуллакх дIакъевлина аьлла, ракеташ герз духкучу базарна тIекхетта аьлла».

200 гергга маьрша нах 17 шо хьалха Оьрсийчоьнан эскарша тоьхна байъар тахана дагалоцуш а, дуьйцуш а дац Нохчийчохь. Кхузахь диканиг бен дуьйцуш а дац.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG