ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн спортхошна а дуьхьалъяьлла допинг


Нохчийчуьра эйинчу кепан латархочунна Эдилов Абдул-Керимна Iамеркан антидопинган агенталло 15 баттана дихкина спортан барамашкахь дакъалаца, цо мельдоний лелорна. Талламбинчу агенталле Эдиловс, ша спортан хьашташна ца лелийна и молха, дарбадеш бен, аьлла. ТIедогIучу шеран бIаьсте юккъе кхаччалц дихкина нохчочунна къовсамашкахь дакъалаца.

Деношкахь Дуьненаюкъарчу Олимпан комитето 2012-чу шарахь яьккхина дети мидал юхаэцна допингаш лелор Iора а даьккхина кхечу нохчочуьнгара –йозаллаайархочуьнгара Аухадов Аптигара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG