Украинехь дIадирзина Ленинан хIолламаш дIабахар. Эспрессо.TV телеканало бинчу хаамца, тIаьххьара (иза официалан кепара тIечIагIдина дац) Ленинан монумент дIаяьккхина Черниговн областерчу Новгород-Северский-гIалахь.
И йоьза хIоллам хIинца бухкур бу аукционехь. Нагахь эцархо цавалахь иза лалор бу, хаам бо талеканало.
Декоммунизацехь лаьцна низам тIеэцна Украинин Лаккхарчу Радано 2015-чу шарахь бIаьста. Цуьнца а догIуш, цу махкахь дIабаха безаш бу коммунистийн баьччанашна хIиттийна хIолламаш.
Кху аьхка Украинин вице-премьеро Кириленко Вячеслава хаам бира, эзар Ленинан хIоллам дIабаьккхина шаьш, амма кхин а оццул бисина аьлла.