ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасавюртара имам чувоьллина тIеман суьдо


Дагестан - Имам Магомедов Магомеднаби.
Дагестан - Имам Магомедов Магомеднаби.

Оьрсийчоьнан Къилбаседа Кавказан тIеман суьдо 5 шо колонехь даккха хан тоьхна Хасавюртарчу «Малхбален» олучу маьждиган имамана Магомедов Магомеднабина. Иза бехке лерина терроран тIелатарш даре кхайкхарна а, цабезам кхолларна а. Цунах лаьцна хаам бина «Кавказский узел» интернет-портало.

Магомедов лецира полицино кху шеран Охан-беттан 8-чу дийнахь, кхечу маьждигехь лецна бусулбанаш дIахецар аьлла иза полици хьалха веача. Цунна бехке диллинера Чиллан-баттахь маьждигехь хьехам беш низам дохор. Цу хенахь Магомедовс доьхург дара «салафиташ» олучу нахана Iаткъам бар сацор.

«Мемориало» юкъатоьхна Магомедов политикан тутмакхашна. Бакъонашларъярхойн центро динчу дIахьедарца, Магомедовс бина хьехамаш а, полицина критика яр а хIора а стагера дIаяккха йиш йоцу адаман бакъо ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG