ТIекхочийла долу линкаш

Террорхо ву аьлла, бехке вечу нохчочуьнца йоьзна тоба лаьцна Германехь


Германи -- Леррина операци дIахьош бу немцойн полицин белхахой, ГIад. 10, 2016

Шуьйра леррина операци дIаяьхьна Германехь Шинарин дийнахь. Полицино бинчу хаамца, динна тоба лаьцна терроризмана ахча латтош хилла аьлла, шеко йолуш. Уьш бу Оьрсийчоьнан хилла махкахой.

Полицино цхьанаметта талламаш дIабаьхьна 12 петарна чохь а, ткъа иштта Тюрингехь а, ХIамбургехь а, Къилбаседа Рейн-Вестфалехь а, Саксонехь а, Баварехь а йолчу юкъара хIусамашкахь.

И операци дIаяхьале полицино таллам беш хилла, 28 шо долчу нохчочуьнан бехктакхаман гIуллакх толлуш. И стаг лаьцна латтош ву 2015-чу шарахь дуьйна. Цунна бехке дуьллуш ду пачхьалкхана дуьхьал луьра зулам дар.

Талламахоша дийцарехь, цIе йоккхуш йоцу и стаг, Шема а вахана, "Исламан пачхьалкх" олучу тобанах дIакхета дагахь хилла. Таллам дIахьош, Германин полицина гучубевлла террорахошна ахчанца гIо дина болу нах. Уьш берш немцоша политикан тховкъело елла мухIажираш бу.

"Немцойн тулгIено" бинчу хаамца, Германехь терроран тIелатар кечдеш хиларан тоьшаллаш ца карийна полицина.

XS
SM
MD
LG