ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зарратан герз хIаллакдан лууш ю Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралла


Iамерка -- Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллин Инарлан Ассамблея, ГIад.13. 2016
Iамерка -- Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллин Инарлан Ассамблея, ГIад.13. 2016

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралла дагахь ю заррат герз буьззинчу барамехь дехкар а, иза хIаллакдар а хьокъехь дийцарш дIадоло. Цунах лаьцна резолюци тIеэцна Еарин дийнахь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллин Инарлан Ассамблеян Лерринчу комитето Нью-Йоркехь хиллачу шен кхеташонехь.

И резолюци кечйина Австрин а, Мексикин а, Ирландин а, Нигерин а, Къилба Африкан Республикин а, Бразилин а векалша. Зарратан герзах пайда эцаран ирча тIаьхье хир ю аьлла ду цу тIехь. Зарратан герз дехкарх лаьцна резолюци кхоже юьллур ю тIедогIучу кIиранах. И документ хьехаман кеп йолуш хир ду.

ЦхьамогIа пачхьалкхаш, шайна юкъахь Iамеркин Цхьаьнатоьхна Штаташ а, Франци а, Британи а, Оьрсийчоь а йолуш, реза яц цу резолюцина. Церан векалшна хетарехь, зарратан герзах лаьцна хаттар къесто деза, Зарратан герз дIасадаржор дац аьлла бина барт бухе а биллина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG