ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши нохчо ву "Мемориалан" Оьрсийчура политикан тутмакхашна юкъахь


Оьрсийчохь шозза алсам даьлла политикан тутмакхийн терахь. "Мемориало" билгалдаккхарехь, 102 стаг ву адамийн бакъонашкахула йолчу цу центро, политикан тутмакх ву аьлла, билгалваьккхина. Стохка церан терахь дара 50.

"Мемориалан" цIерийн йозанна юкъахь бу шина тайпа политикан тутмакхаш. Хьалхара тоба ю дин бахьана долуш набахтехь хан токхуш. ШолгIачу тобанна юкъахь бу бисина политикан тутмакхаш. Царах ву Нохчийчура журналист Гериев Жалавди а, нохчийн юкъараллан жигархо, политик Кутаев Руслан а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG