ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тоьллачу "Терекна" цатайна комментатор


Соьлж-ГIаларчу «Терек» футболан клубан куьйгалло спортан комментатор Журавель Тимур балхара дIаваккхар доьху «Уралца» ловзарш дирзинчул тIаьхьа. Оьрсийчоьнан 12-чу мьуран чемпионатан гурашкахь дIахьочу футболан ловзарехь «Терекан», «Уралан» матч йирзина 4:1 чоьтаца, «Терекна» пайдабохьуш. «Матч-ТВ-н» комментаторо Журавель Тимура и ловзар «баккъал а йолу футболан спектакль яра» яьлла эфирехь.

«Терек» клубан директор Айдамиров Ахьмад официалан кехат дахьийта лерина ву «Матч-ТВ» телехьожийлан куьйгалле, Журавель Оьрсийчуьрчу футболан ловзаршка цавитар доьхуш, яздо «Спортс.ру» агенталло.

Соьлж-ГIаларчу клубан дIахьедаро карзахбаьхна комментаторан белхан накъостий тIехIиттина Журавель Тимурна.

XS
SM
MD
LG