ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Якутехь нохчаша эккхийтина скандал


Нохчийчоьнан куьйгалхочун администраци арз кхаьчна.

Якутерчу нохчийн диаспоран хьалханчас Мутаев Руслана социалан машанехь Охан-баттахь нохчочо Балаев Аслана йиттина лечу хьоле хIоттийначу меттигерчу вахархочун Додон Викторан нана сийсазъяран хьокъехь.

Талламан комитето бехктакхаме гIуллакх дуьхьалдаьккхинера хIеттахь Балаев Асланна. Кху деношкахь социалан машанехь, Балаевга кховдийначу гIуллакхан йист йолуш яц, хьем хилла аьлла динчу йозанна бухахь маьттаза комментарий йитина диаспоран лидеро Мутаев Руслана.

Тергамчаша чIагIдарехь, Додон Викторца йолчу йоIана Балаевс тIара тохар бахьанехь даьлла цушиннан дов. Додона гIодаьккхина йоIе, и цатайначу кавказхочо бекхам беш йиттина Додонна.

Махкахочуьнгара даьллачунна шаьш резацахилар хаийтина Кадыров Рамзанан пресс-секретара Керимов Iалвис, арахьарчу уьйрийн департаментан директоро Хаджимурадов Iийсас. Цара чIагIдарца, карарчу хенахь лехамашкахь ву Якутера нохчийн диаспоран куьйгалхо Мутаев Руслан.

Видеокамеро дIаяздина Балаев Аслан Додон Викторх латар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG