ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бехк - Сталинан, бала - къаьмнийн


Оршотдийнахь 24 шо кхаьчна хIирийн-гIалгIайн конфликт аьлла цIе тиллинчу тIеман девнан. И дагалоцуш цхьанакхетарш дIадаьхьира шинна а махкахь.

Кху тIаьхьарчу шерашкахь, хьалха санна вовшашна бехкаш дохуш, шуьйра дIахьедарш ца до гIалгIаша а, хIирийша а.

Кхетачух тера ду, иза десторо, хIумма а диканиг шайна дахьар доцийла.

24 шо хьалха санна. ХIета, шинна а агIоно бахарехь, собар ца тоьара, сих а ца луш, ойла а йина, и дов гена ца далийта.

Цуьнан жамI: 600 сов стаг шинна а агIор вийна а, цхьа эзар ца кхоччуш лазийна а. ХIаллак йинера Пригородный кIоштера гIалгIай беха 15 яьртех-13.

ГIалгIайн махкахь оцу тIамехь беллачарна леринчу хIолламан хьалхахь хилира нехан гулам.

СагIа а даьккхира оцу деношкахь байинчарна а, беллачарна а.

Дагадаийта деза, дуккха а гIалгIай, Пригородный кIоштера лаьмнашкахула дIабахнера.

Циггахь шелонех а, Iинах чуихна а беллера. ХIинца а карош вац 200 сов стаг а. Иштта шайн цIа берза йиш йоцуш беха иттанаш эзар гIалгIай.

Цуров Аюб оцу девнехь байна нах лохучу комиссин куьйгалхо ву. Цунна дика дагадогIу хIинцалца маьрша баьхначу нахана юккъахь иза доладалар. Маршо Радиога цо иштта дийцира.

Цуров: «Тахана санна дагадогIу суна. 30-чохь Iуьйранна доладелира иза. Герз дара массанхьа детташ. Иза хIун ду а ца хууш Iийра тхо а, лулара хIирий а. Жимма хан яьлча, хаам беара хилларг хIун ду. ТIаккха кхийтира тхо. Иштта дара иза. 24 шо кхечи цунна хIинца».

ХIирийн-гIалгIайн конфликтан башхал яра дуккха а нах закъалтан лацарца. Дукхачу декъана уьш гIалгIай а хилла. Цуров Аюб ша а ву закъалтан лаьцна хилла. Цуьнан шен аьтто баьлла мукъавала, амма хIетахь дуьйна цо лоьхуш ву шен вайна кхо ваша а.

Цуров: «БТР-аш яра чуяьхкина. Тхайн цIера тхо ша верриг: зударий а, бераш а, дIадигира. Иштта закъалтана лецира тхо. КАМАЗ машенан тIера къевлина контейнер чохь латтира. Нанас вина сайн кхо ваша а ву сан иштта вайна. ХIетахь дуьйна уьш лохуш ву со».

Пригородный кIоштера боьхна гIалгIайх, доккха дакъа шайн ярташка юхаберза йиш йолуш бац хIинца а. ХIирийн Iедалша царна бакъо ца ло, и ярташ махкана молу хи латточу меттигашна уллехь ю аьлла бахьана а дина.

И дов, шераш а даьлла, дай а делла, дицлур ду бохург бакъ ца хета гIалгIайн бакъоларъярхочунна, «Машр» цIе йолчу цхьанатохараллан куьйгалхочунна Муцольгов Мохьмадна.

Оьшуш дерг доккха хIума а дац: «Реабилитацех низам» кхочуш дар бен, элира цо.

Муцольгов: «Реабилитацех долу низам кхочуш дан деза. ТIаккха хир бу машар. Нах шайн цIенош чу бахийта беза, церан хIаллак бина бахамаш меттахIотто беза. Байна а, байина а нах мичахь бу а схьаала деза. Иза чIогIа маьIне хIума ду. Иза ша дерриг дицлур долуш дац. Дицдан мегар долуш а дац».

ХIирийн-ГIалгIайн тIеман конфликт санна девнаш, Советан пачхьалкхан юккъахь хиллачу массийта мехкашкахь ю.

Гуьржийчоь-Абхази, Гуьржийчоь-Къилба ХIирийчоь, Азербайджан-Эрмалойчоь, Молдави-Приднестровье. ХIинца царна тIекхиийна Украина-Донбасс.

И конфликташ дIаяйна лоруш яц, гIора а йой латтош ю, оьшучу хенахь лата а еш.

Иза хьанна оьшуш ду, царна урхалла хьан а, стенна а лелош ду, кхета, кIорге къайленаш хуу политолог а хила ца веза.

XS
SM
MD
LG