ТIекхочийла долу линкаш

Бехна а болуш машенаш лелош лецначу нахаца кхетош-кхиоран болх дIабаьхьна Кадыров Рамзана. «Машенашлелорхоша шаьш кхетта, кхул тIаьхьа ледарло йолуьйтур яц аьлла, дош делла. Нагахь санна, царех цхьана декъо нигат кхочушдахь а, боккха толам бу иза» аьлла ВКонтакте социалан машанехь яздо Кадыров Рамзана.

Некъан низамаш талхочаьрца дIахьо къийсам жигарбаккха Iалашо лаьцна Нохчийчохь. Некъан полицин кхеташонехь билгалдаккхарца, бахначу баттахь 27 некъан хьовзам баьккхина, низамаш цалардарна.

Цу бохамехь 11 стаг велла, 43 чевнаш йина.

XS
SM
MD
LG