ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхачош бац Нохчийчохь "мостагIий"


Цхьанхьа тIемало лаьцна, вийна аьлла, хааме даьккхарций, шеконаш хьалха йовлу могIарерчу нехан.

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:20 0:00
Линкана тIе

ТIеман хьу-чулацам болчу хиламех боттабелла чекхбаьлла Нохчийчохь гуьйренан шолгIа ГIадужу - бутт.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло юх-юха а Iора ма даккхара, кху беттан 9-чу дийнахь цхьаьнаметта бархI тIемало вийна ницкъаллин структураша Гуьмсан кIоштехь.

Официала чIагIдарца Демилханов Iела коьртехь волу и тоба ДегIастанара схьайогIуш хилла талораш дан Iалашо а лаьцна.

Iедалан хьостано билгалдаккхарца, низамхошна хьалха герз тIекIирдинарг гIаттамхой хиллехь а, масех лазавар доцург полисхошлахь кхин дараш ца хуьлуш, цхьа дийна кара ца валош, массо тIемало вен а вуьйш, дIадирзина и тасадалаор.

Цигга Гуьмсан кIоштехь вийна полисхочунна тIелатар а дина, урс тоьхна цунна чов а йина, маса топ а эцна ведда къайлаваьлла 21 шо долу жима стаг.

Йоккха хан цу цу юкъа йолале мила ву а хууш, цуьнан лорх кхиъначу низамхоша Джалка эвлахь Iожалла караяйтина куьг бехке лоручунна.

Талламхой бехктакхаман гIуллакх схьа а диллина, дуьхе кхиа гIерташ, жоьпаш лоьхуш бу, цо полисхочунна тIелатар стенна дина, маса топ хIун Iалашо йолуш лачкъийна бохучу хеттаршна.

Махкахь уггар чIогIа ларьечех цхьаъ ларалучу Джалка эвлахь иза дIалачкъа гIортар а лору цхьаболчара жоп каро халчех цхьа хаттар.

Оьрсийчоьнан мичча кIоштехь тIемало лаьцна,вийна аьлла гIардаккхар,къаьсттина кху Къилбаседа Кавказан мехкашкахь,ша йоккхачу шеконца тIеоьцу боху ГIебартой-Балкхарийн махкахь вехачу, цIера Ножай юьртан кIоштерчу Висар-Хьаьжас.

Висар-Хьаьжа: «Доьза вайна бохуш, гергарниш а Iаш, хийла кегийрхой, вала да воцург муххале а, лоций дIа вуьгий, маж яхъяллалц чохь валлаво, фильтраци олучу цецанах чекхбоху, юха герз а кара а дуьллий, тIемало вийна шаьш олий гучувоккху. И тайпа масалш хьалха а, хIинца а шортта ду.

И хIума кхузахь Iачу нахана дика хууш ду. ДIо Оьрсийчохь болчара телевизор чохь мел гойтург бакъду моьтту.

Шайн тIе ца Iоттаделча ца хаьа иза». Телевизионехь гойтуш ма дара иза» бохуш бакълена а теша цхьаболчу оьрсий. Ткъа кху Кавказехь бехк боцу нах лецар могIарера гIуллакх ду.

Жима стаг юххера вевзачарна а, гергарчарна-м хIети а хаьа, иза тIемалошца зIе йолуш ца хиллий, амма дан хIума дац. Схьагучу суьртаца адам бIаьрзе ду. Нийсо, бакъо хир ю ала тIаьхьло йолуш кIадда а дац…»

Махкарчу кхето атта доцчу хьолаца доьзна вер-ваккхарш доцуш, чекхбаьллачу баттахь герггарчу Малхбалерчу Шема пачхьалкхера тIом бахьнехь масех вахархочунна кхела хьалха а хIиттош, бен-бен хенаш а кхайкхийна Нохчийчохь.

Цул сов, герггарчу хенахь хаа ца луш лаьттинчу, шатайпа билгалонца чекхбаьлла кхузахь ГIадужу - бутт.

И билгало йоьзна ю чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло, цхьа гIо-орца доьхучу кепехь, бахархошка бинчу кхайкхамца.

Герзаца дуьхьало ечеран болам къарбарехь сихо хилийтарна тIехьажийна къайлахчу сервисан а, полисхойн урхаллаша, тIемалойн болу меттиг нахе дIайийцийта ойкхаллина миллионашкахь даккхий ахчанаш кхайкхийна.

ГIаттамхойн баьччанаш ларалучу, луларчу кхаа махкахь, ДегIастанахь, Нохчийчохь, ГIалгIайчохь хила тарлучу исс стеган цIерш ю Iораяьхнарш.

Масала, пхиппа миллион сом ахча дала тIелаьцна Iедалан хьостано Бютукаев Асланний, Асельдеров Рустаммий волу меттиг йийциначунна.

Кхоккха миллион ахчанаш кхайкхийна, цIарца вагарвечу, кхин а ворхI тIемало хьулвелла меттигаш нахала яьхначарна.

Схьахетарехь, боху цхьаболчу тергамхоша, шайн гIорасизалла юкъараллехь гIарьяьккхина а, ницкъаллин структурийн буьйранчаша сатуьйсучух тера ду, бахархошка орца аьлла а герзаца дуьхьал ечеран могIарш хаъал лилха даха.

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG