ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

1 де дисна харжамаш хила: ФБР-ан директоран керла дIахьедар


Комбо сурт - Трамп Доналд а, Клинтон Хилари а.
Комбо сурт - Трамп Доналд а, Клинтон Хилари а.

КIиран дийнахь ФБРан директоро Коми Джеймсо Клинтонана дуьхьал бехктакхаме гIуллакх доло тоьшалла дац, аьлла дIахьедар дина. Президентан харжамаш дIабахьа дисина цхьа де бен доцуш, и дIахьедар пайденна хила тарло Клинтон Хиларина.

Баханчу беттан 28-чу дийнахь Клинтон Хиларин имейлан хьокъехь ФБР таллам дIаболош ю аьлла динчу дIахьедаро цецбаьхнера Клинтонан агIончаш. Цунах боккха кхаъ хилла волу Трамп Доналдо хIинца Клинтонана дуьхьал бехктакхаме гIуллакх дIадолор ду бохуш иракарахIиттабора шен агIончаш. ФБР-ан дIааларх боккха пайдаэцна волу Трампан кампанин кIирандийнахь мелла а эшам хилла. Цу эшаман бахьана ФБР-ан директоро Коми Джеймсо Клинтонана дуьхьал бехктакхаме гIуллакх доло тоьшалла дац аьлла дина дIахьедар ду. Харжамаш тIекхача ши де хьалха дина и дIахьедар шеко йоцуш пайденна доьрзур ду Клинтонана. И дIахьедар далале хьалха 11 процент хьалха яра иза шеца президентан дарж къуьйсучу волчу Трампал. Коьртачу декъана ФБРо цунна дуьхьал дIаболийна таллам бахьанехь, иза цул хIинца 4 процент бен хьалха яц.

Клинтонан кампанин коммуникацийн директоро Палмиери Джениферо и бала Клинтонан кампанин новкъаболчуьра дIабаьлла хиларна реза хилар иштта дIахаийтира журналисташка: “Тхо реза ду и гIуллакх теллина даьлла”.

Огаяхь гоьваьллачу баскетболан ловзархочуьнца Джеймс ЛеБронца шен кампании дIахьош йолчу Клинтоно багах ца даьккхира ФБРан директоро дина дIахьедар.

Комин дешнаш ца хьахийра шен кампанин болх Миннесотехь жигарбаьккхинчу Трампо а, амма ФБРан сацам ца хьахьийнехь а, цо элира Клинтон толахь а, цуьнан дуьхьал дIахьош болу таллам сацор бац, аьлла. “Иза харц системо ларйо,” элира цо. “Цуьнан президентан харжамашкахь дакъалаца бакъо яла езаш яцара,” аьлла тIетуьхира Трампо. Трампан агIончо, цхьана хенахь Конгрессан спикер хилла волчу Гингрич Ньюто, Комин сацамах иштта элира: “Иза инзаречу чIогIа политикан Iаткъамана буханисвелла хилла веза, цу кепара ша аьллачунна тIера юха а ваьлла, шена хаа йиш йоцург дIакхайкхо.”

Огаяхь кампани дIаяьхьанчул тIаьхьа, шена уллехь бусалба Хизр Хан а волуш, Нью-Гампшире кхечира Клинтон. Клинтонана гIодан араваьлла кху масех дийнахь лелаш ву Цхьаьнатоьхначу Штатийн Президент Обама Барак. Цо Флоридехь Клинтона кампанина гIорторна дIахьочу гуламехь, цунах дIакхийтира гоьваьлла илли алархо Вондер Стив.

Цу юкъана, ткъес санна штаташкахула дIасалелаш ву Трамп. КIиран дийнахь иза кхечира Айове а, Миннесоте а, Мичигане а, Пенсилвани а, Вирджини а.

ФБРан директоран дIахьедаро Клинтонан кампанина мелла дина а гIодинехь а, керлачу кхерамна кечамбеш бу цуьнан кампани дIахьош берш.

“ДоттагIий, дагахь латтаделаш, нагахь санна шайна Викиликсан цхьа боккха аьшпаш кху шина дийнахь гучубалахь иза харц хила мегий,” аьлла яздинера шен твитерехь Палмиери Женифера, Клинтонан коммуникацийн директоро. Билгалдаккха деза, Викиликсан кху президентан кампанех долу Iорадахарш Клинтонан дуьхьал хилар. Оьрсийчоьнца буьрса хир ю ша боху Клинтонана уьш дуьхьал хиларо шеконаш кхуллу кху пачхьалкх аналисташлахь цу гоьдаьллачу хаамийн хьостанан Оьрсийчоьнан кхерамзаллин сервишца уьйранаш хилар. Оьрсийчоьнан кхерамзаллин сервисаша харжамийн компьютеран системана юкъа а гIоьртина, президентан харжамийн жамIаш харцдаха мега боху къамелаш а ду кхузахь хаамийн гIирсашкахь даьржина.

Иштта дерг хилахь, вай кхо хIума дан деза элира цхьана хенахь адмирал хилла волчу, ткъа хIинца пенсехь волчу Ставридис Джеймсо. “Духхьардlа, цунна дуьхьалояр; шолгIаниг, гIарадаккха деза и санна хIума хилахь хаамийн гIирсашкахула; кхоолгIаниг, вай онда жоп дала деза цунна дуьхьал.

Президент вала кIезиг аьтто белахь а, Трампах президент хилахь, бусалбачу нахана ша туьйсу кхерамаш цо кхочушбийр буй, аьлла хаьттира ас Нью-Йоркехь вехачу волчу Iарбига. Цуьнгара ишта жоп хезира суна.

Суна схьахетарехь, бусалбачу нахана цхьа а новкъарло хир яц. Кхузахь Конституци ю, и цара чIогIа ларйо. И цо дуьйцурш хабарш ду аьлла хета суна, шена радикале дерриг дуьненна дуьхьал хьежам болчу нахаре гIорто яккхархьама.Суна схьахетарехь цхьа хIумма а дийр дац.

Ала догIу, хIинцале 41 миллион Цхьаьнатоьхначу Штатийн вахархочо хенал хьалха президентан харжамашкахь кхаж тесна. Цара а, шинарин дийнахь кхечу Iамерканхоша а хьанна кхаж тесна хуур ду кху кIиран кхаарин дийнахь.


“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG