ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьаьнатоьхначу Штатийн бахархой тахана президент хоржуш бу


Combo photo of Hilary Clinton and Donal Trump
Combo photo of Hilary Clinton and Donal Trump

Цхьаьнатоьхначу Штатийн бахархой бу тахана шайн мехкан президент хоржуш. Шина кандидатах муьлхачунна тешор ю цара шайн мехкан куьйгаллин архаш? Тховса доллучу дуьненна а хуур ду цу мехалчу хаттарна жоп.

Тахана Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь 6 сахьт даьлча Iуьйранна схьайиллина кхаж тосу меттигаш къовлур ю 7 сахьт даьлча сарахь. Кху мехкан кхолламана хIара де инзаре мехала делахь а, тахана могIарара белхан де ду Iамеркехь.

Цхьана шарахь эх шарахь лаьттина хилла Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан кампании чекхъер ю тахана нийса цхьана дийнахь. Тахана йоьрзуш йолу хIара кампани кхечарах къаьсташ яра скандалашца а, къовсам шатайпа луьйра хиларца а. Цул совнах, низамхой ши таллам дIабахьа кхиира президентан кампании дIахьочу юкъана.

Хенал хьалха хин долчунна тIаьхьакхиа гIортар хала делахь а, дукхахболчу меттигерчу аналисташа Клинтон Хиллари билгалйоккху тахана боьрзучу къовсаман толамхо санна. Масех Iамерканхошлахь дIабаьхьначу хаттамаша а тIечIагIдо царна хетарг. Иштта ду, масала, тайп-тайпа хьосташа дIабаьхьанчу хаттамийн толамхочун хьокъехь жамI:

Лос-Анжелес Таймс: Клинтон 48 %, Трамп 43%;

ЭНБиСи: Клинтон 51%, Трамп 44%;

Монмауф Университет: Клинтон 50 %, Трамп 44%

Доцца аьлча, оршотан дийнахь зорбане баьккхинчу 8 хаттамах 7-мо Клинтон къастайо толамхо санна.

Хаамийн гIирсаша дечу дIахьедаршца, дуккха а латинхой а арабевлла тахана кхаьжнаш таса. Церан жигаралла а яц Трампана цхьаъ а дика болх бийр болуш, уьш кху харжамашкахь коьртачу декъана Клинтонан агIончаш болу дела. Ала догIу, гуттар консерваторе болу латинхой кху харжамашкахь либерале йолу Клинтонана кхаж тосуш бу, цара Трампа мексиканхойх дина дIахьедарш расисте санна тIеэцна дела. Церан йолу дог-ойла ю кху харжамашкахь бусалбачу нехан а. Бусалбанаш а бу цкъа а ца хилча кепара жиггара дакъалоцуш кху харжамашкахь. Цара кхаж Клинтонана тосуш хиларх а ду кхета атта.

Трампан а бу шортта агIончаш кху харжамашкахь. Уьш дукха хьолахь кIайн республиканхой бу. Уьш теша Трампах президент хилахь, цо Штатийн экономикехь дукха а белхан меттигаш кхуллург хиларх.

Президентан дарже кхачархьама шайн сийнош ца кхоош къахьегна долчу шина кандидатана тахана хуур ду, Цхьаьнатоьхначу Штатийн къомо муьлха кандидат хьакъ лору кху дуьненан уггар нуьцкъал дарж кховдо. Изза хаар, хетарехь, доллучу дуьненан а сатийсам бу.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG