ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Обамас цхьаалле кхойкху Iамеркахой


Республиканхо Трамп Доналд тоьлаш бирзинчу харжамийн жамIдеш, Цхьанатоьхначу Штатийн президента Обама Барака кхайкхина Iамеркахой цхьаалле. Маьрша Iедал хийцадалар – иза Iамеркан демократин битам бу, аьлла Обамас.

Трампца мел цакхетамаш хиллехь а, ша дерриг а дийр ду цуьнан шен даржехь аьтто хилийта, аьлла дарж дуьтучу президенто. ХIинцале кхайкхина Обамас керла президент дарж цуьнга дIадалар дийцаредан.

Халкъо къастийначу харжамхошкара 270 кхаж оьшучохь, Трампа, демократийн кандидатал Клинтон Хилларел хьалха а волуш, баьккхина 279 кхаж. Трамп толар дIакхайкхинчул т1аьхьа пачхьалкхан цхьайолчу штаташкахь хIиттира протестан гуламаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG