ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчура Iедалхойн берийн бакъо хир яц кхечу пачхьалкхашкахь деша?


Оьрсийчоь -- Пачхьалкхан Думан депутат Рашкин Валерий.
Оьрсийчоь -- Пачхьалкхан Думан депутат Рашкин Валерий.

Оьрсийчура Iедалхойн берашна кхечу пачхьалкхашкахь дешар доьхкучу низаман проект дIакхачийна Пачхьалкхан Думе. Цуьнан автор ву коммунист Рашкин Валерий.

Цу проектаца а догIуш, нагахь цунах низам хилахь, 2017-чу шеран Дечкен-беттан 1-чу дийнахь дуьйна Iедалан белхахойн, шайна юкъахь муниципалан Iедалхой а болуш, аьтто хир бац шайн бераш махкал арахьа школашка а, лаккхарчу дешаран меттигашка а деша бахийта.

Цу документана тIехь чIагIдеш ду Iедало къаьсттина дехка деза иза пачхьалкхан компанийн топ-менеджершна бохург.

И дехкар хьакхалур дац кхечу пачхьалкхийн университетийн Оьрсийчохь йолчу филиалех. Кхечу пачхьалкхашкахь деша бакъо хир ю цигахь балхахь болчу Iедалан белхахойн доьзалийн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG