ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аткаева Луиза. Пха


please wait

No media source currently available

0:00 0:00:40 0:00
Линкана тIе


Аткаева Луиза

Пха

Кхолламан пха –

хьан дагах кхеттарг –

Ца бо-те ницкъ цо хьуна?

Безаман цIе –

хьан дагах леттарг –

Яйалур юй-те, яржахь?

Ахь дог дIахецна, маршо елла –

Вийр вуй-те цо хьо хIаллак?

ЗIенаш дIаяьхча,

паргIат лелларг

Сацо хир ду-кха хала.

Суна ма лаьа-кх ирсе хила

Со бахьнехь шен дог къуьйлург!

И хьийзадо ахь къиза хилла,

Де-дийне гIайгIа кхуьйлуш.

Ткъа хаьий хьуна, ду мел хала

Лоьмана лаца чIара?

Хи чохь и маса бу, тIахъаьлла.

И хьуна стенна оьшу?

Аткаева Луиза

Аткаева Луиза кхузаманахьлера нохчийн байтанча ю.

XS
SM
MD
LG