ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

12 эзар овхIанхо цIахьажо дагахь ю Германи


Германи -- ОвхIанистанера мухIажир ву Брандербурган кевнашна хьалха мацалла лаьцна хзиина Iаш, Берлин.
Германи -- ОвхIанистанера мухIажир ву Брандербурган кевнашна хьалха мацалла лаьцна хзиина Iаш, Берлин.

Германин Iедалша сацам бина 12 эзар ОвхIанистанера мухIажир шайн цIа дIахьажо. ОвхIанистанерчу яккхийчу гIаланашкахь кхерамазаллица доьзначу хьоло аьтто бо иза дан аьлла хета Германин Iедалшна.

Карарчу хенахь Германехь ву 250 эзар овхIанхо. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана хетарехь, и терахь 5 процент ду, берриг а ОвхIанистанера дIабаханчу нехан терахь схьаэцча.

2016-чу шарахь Германино ОвхIанистане дIавахийтина тховкъело йоьхуш хилла 27 овхIанхо. 2015-чу шарахь цу тайпачу нехан терахь дара 9.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG