Нохчийчуьрчу Iаламан хазалло а, бахархойн хьешана тIера хиларо а инзарваьккхинчу фотографо масех де доккху вайн махкахь. Цуьнан гергарло тасало берашца а, баккхийчаьрца а. ЖаIуьнашца буьйсанаш йохуш, баккхийчеран дийцаршка ла а доьгIуш, уллера бевзина цунна нохчий, церан дахар.
Муха дара нохчийн бераш 40 шо хьалха
13
Кораш пластикан доцчу хенахь марзо алсам яра адамашлахь.
14
Поппар беш белхи вовшахкхетта.