ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьа могIа теракташ юкъахдаьхна Францехь


Цхьа могIа тIелатарш дан кечам бинчу террорхойн тобанера 7 стаг лаьцна Францин полицино Страсбургехь а, Марселехь а. Пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Казнев Бернара бина и хаам. Кху мукъаденошкахь лецна полисхоша францхойх, марроканхойх, овхIанхойх схьабевлла шеконехь латтон бахархой, аьлла дIахьедо министро.

Кхочушдан Iалашо лаьцна теракт, министро бахарехь, шен хенна юкъахдаккха аьтто хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG